55-6 ХӀораммо а шен доттагӀа лево, цхьаммо а бакъдерг а ца дуьйцу. Шайн мотт цара харцдолчунна тӀетабина. Къинош а летош, уьш Суна тӀе ца берзало. ГӀело а йина, цара кхин а гӀело йо. Ӏеха а вина, цара кхин а Ӏехаво. Ткъа Со къобалварх уьш дӀакъехка [5]», — боху Везачу Эло.
6
7Цундела массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «ЦӀарца санна цӀандийр ду Ас Сайн халкъ, Ӏазапашца зуьйр ду Ас Сайн къам. Кхин хӀун далур ду те Соьга царна, Сайн хьомечу халкъо летийначу къинна?
11«Аса тӀулгийн оьла йина дӀахӀоттор ю Ярушалайм, ткъа цунах чангӀалкхийн бен хир бу, — боху Везачу Эло. — ЯхӀуд-махкара гӀаланаш Ас йохийна яссор ю, цу чохь вехаш цхьа стаг а хир вац».
12Вуй те дуьнен чохь цу хӀуманах кхетар волу хьекъалча? Вуй те Везачу Эло хьекъал делла волу стаг, цу хӀуманах кхето йиш йолу? ХӀунда хӀаллакдина хӀара латта, цхьа а шена тӀехула новкъаваьлла стаг а ца гуш, хӀунда яссийна хӀара аре?
13Везачу Эло иштта жоп делира цу хаттарна: «Иза иштта хилира, хӀунда аьлча Аса шена дӀабеллачу товрат-хьехамна тӀера Сан халкъ дӀадирзира — Сан озе а цара ла ца дугӀура, Аса тӀедиллинчуьнца а уьш ца лелара.
14Уьш, шайн аьрхачу деган некъ а лехна, БаӀал-харцделанашна тӀаьхьахӀиттира, шайн дайша шайна ма-хьеххара».
15Цундела Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: «Аса цу къомана сагал-буц яор ю, цунна дӀаьвше хи а малор ду.
16Аса уьш кхечу къаьмнашна юкъахь дӀасабаржор бу, я царна а, я церан дайшна а девзаш хилла доцучу къаьмнашна юккъехь Ӏойтур бу. Ас Сайн тур царна тӀехьажор ду, царна дан дезарг Айса чекхдаккхалц».