1ТӀаккха соьга Везачу Элан дош кхечира:
2«Адаман кӀант! Исраилан халкъана хӀетал-метал а даладай, хьекъале дустар дийца.
3Ала цаьрга: „Хьалдолчу Эло боху хӀара: ‘Нуьцкъала тӀемаш а, месала а, бес-бесара деха пелагаш а долчу доккхачу аьрзуно, Ливанун-лаьмнашка а деана, баганан диттан бохь схьабаьккхира.
4Цу бохь тӀера ховхачу патарех уггар лакхарниг схьа а даьккхина, иза, йохкаэцаран махка схьа а деана, совдегарийн гӀалахь охьадиллира цо.
5Исраил-махкара баганан диттан хӀу схьа а эцна, иза токхечу лаьттахь дӀадийра цо, дак-дитт ма-дерра, хина уллохь.
6И хӀу хьала а даьлла, цунах кемсийн таьлланг хилира, ша шуьйра а йолуш, амма лоха а йолуш. Цуьнан гаьннаш аьрзугахьа хьалаийзалора, ткъа орамаш цунна бухахь дара. Уьш дахделла дӀасадаханера, кемсийн таьлланго керла гаьннаш а, гӀаш а дӀадохура.
7Месала тӀемаш долу важа нуьцкъала аьрзу а яра. Ша дӀадийначу лаьттана тӀера шен орамашца а, гаьннашца а цунна тӀеозаелира кемсийн таьлланг. Цунна лаьара, аьрзуно шена хи дуттийла.
8Дикачу лаьтта тӀе, шорта хи долчохь, дӀайийнера и таьлланг, цунах, гаьннаш дӀаса а дахийтина, тӀехь стом а латош, дика кемсийн таьлланг хилийтархьама’“.
9Ала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Хьуна моьттий, цу таьлланган аьтто а хилла, иза йоккха хир ю? Цуьнан орамаш схьа-м дохур дац те, цунна тӀера стоьмаш а схьа-м бохур бац те, иза тӀаьххьара а дакъа а луш? Цунна тӀера дерриш а къона гаьннаш дакъалур ду. ТӀаккха кхин боккха ницкъ я дуккха а нехан гӀо а ца оьшу и кемсийн таьлланг озийна шен орамашца лаьттара схьаяккха.
10Ша дӀайийначохь хьалакхуьур юй те иза? Якъалур-м яц те иза, малхбалера схьа мох хьаькхча? Ша дӀайийначохь иза якъалур ма ю!’“»
11Везачу Элан дош кхечира соьга:
12«Хаттар де оцу аьрхачу халкъе: „И хӀуманаш хӀун маьӀна долуш ду хаьий шуна?“ — алий. ТӀаккха дӀаала цаьрга: „Хьалхара аьрзу — Бавелан паччахь ву. Цо, Ярушалайме а веана, шеца Бавеле дӀабигира паччахь а, цуьнан элий а.
13Цул тӀаьхьа Набухди-Нецара шена тешаме хир ву аьлла дош деллачу паччахьан цӀийнах волчу стагаца барт бира. Цу махкара лаккхарчу даржашкахь мел волу стаг дӀавигира цо,
14и пачхьалкх, кхин хьалагӀатта ницкъ а ца кхочуш, лахахь йисийтархьама. Цу тайпана, ша бина барт ларбеш бен, и пачхьалкх латталур яцара.
15Амма керла паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвала гӀоьртира. Цо гӀо доьхуш геланчаш бахийтира Мисар-махка, цигара дуккха а говраш а, эскархой а беха. ГӀуллакх хир дуй те цуьнан? Ницкъ кхочур буй те цуьнан, ша бина болу барт бохийначул тӀаьхьа, таӀзарх кӀелхьарвала?“»
16Хьалдолчу Эло боху: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас: и керла паччахь Бавелехь лийр ма ву — шех паччахь винчу а, цуьнан чӀагӀонах ша ца ваьшначу а, ша цуьнца бина барт бохийначу а паччахьан махкахь.
17Мисар-махкарчу паччахье яхӀудхойн паччахьна тӀамехь гӀо далур дац, гӀалина гонах лаьттан гунаш дича а, тӀеман гӀирс дӀахӀоттийча а, дуккха а адам хӀаллакдархьама.
18Амма яхӀудхойн паччахь кӀелхьарвер вац, хӀунда аьлча цо, ша делла дош кхочуш а ца деш, бина барт бохийна».
19Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, яхӀудхойн паччахь Суна хьалха ша йинчу чӀагӀонах ца вашаре а, Айса цуьнца бина барт цо бохоре а хьаьжжина, Аса таӀзар дийр ду цунна.
20Ас иза схьалаца бой тосур ю, иза цу чу а эккхор ву. Ас иза Бавеле схьавалор ву, циггахь цунна таӀзар а дийр ду, иза Суна тешаме цахиларна.
21Ас хӀаллакдийр ду цуьнан эскар, цуьнан дийна бисина болу уггар дика тӀемалой Аса массанхьа а дӀасакхуьссур бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Веза Эла волу Со шуьга къамел динарг вуйла».
22Хьалдолчу Эло элира:
23
24