1Соьга юха а Везачу Элан дош кхечира:
2«Ахьа а, адаман кӀант, дӀадоладе Цора-гӀаланах лаций гӀайгӀане тийжар.
3ДӀаала хӀорда йистехь схьаеанчу меттехь яха хиъначу цуьнга, хӀордан йистехь дехаш долчу дуккха а къаьмнашца йохкаэцар лелош йолчу цуьнга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
4
5
6
7
8
9
10Парси-махкара а, Луда-махкара а, ПӀатӀа-махкара а тӀемалой бара хьан эскарна юкъахь, цара хьан цӀенойн пенашна тӀе шайн турсаш а, гӀемаш а хьалаоьхкира, цара хьан сий а хьалаайира.
11Арвадин а, Хьелакан а тӀемалой бара гобаьккхина хьан пенаш тӀехь лаьтташ, иштта Гамадара нах а бара хьан бӀаьвнашна тӀехь. Цара шайн турсаш хьалаоьхкира хьан пенашна тӀехь, и хӀума дарца хьан хазалла кхочуш а еш.
12Хьан хьал доккха хиларна, Таршаш-гӀалано хьоьгара хӀуманаш оьцура, царна дуьхьал дети а, эчиг а, даш а, гӀели а луш.
13Яван
14Байт-ТогӀармера болчара ахьа юхкуш йолчу хӀуманашна дуьхьал говраш а, дой а, бӀарзанаш а лора.
15Дадданан наха хьоьца йохкаэцар лелайора. ХӀордан йистехь дехачу дуккха долчу къаьмнаша хьоьца хийцар леладора, хьан хӀуманашна дуьхьал пийлан кӀомсарш а, Ӏаьржа дечиг а луш.
16Хьан дукха дохка хӀума хилар бахьана долуш, иштта хьоьца йохкаэцар лелайора арамхоша а, хьан хӀуманашна дуьхьал карбункул олу мехала тӀулгаш а, цӀен кӀадеш а, тӀехь тӀамарш йолу дуткъа кӀадеш а, маржан-жовхӀарш а, иштта рубинаш а луш.
17ЯхӀуд-мохк а, Исраил-мохк а хьоьца мах лелош бара, хьан сурсаташна дуьхьал Минитара кӀа а, сегӀаз а, моз а, даьтта а, хьакхарш а лора цара.
18Хьан дукха дохка хӀума хиларна а, хьан хьал доккха хиларна а, Дамасакхо хьоьгара оьцура Хьелбунера чагӀар а, Цахьарера тӀаргӀа а.
19Узалара волу Ведан а, Яван а вара хьан хӀуманашна дуьхьал эчигах йина хӀуманаш а, касия а, хаза хьожа йогӀу эрз а луш.
20Даддана хьоьца мах лелабора нуьйрашна тӀе туьйсучу юргӀанашца.
21Ӏаьрбихоша а, Къедар-махкарчу массо а элаша а хьоьца хийцар дора, хьан хӀуманашна дуьхьал Ӏахарий а, кой а, гезарий а луш.
22Шеба-гӀаларчу а, РуӀман-гӀаларчу а совдегарша хьоьца мах лелабора, ахьа дохка деанчу хьолана дуьхьал шайн уггар дика хьакхарш а, деза тӀулгаш а, деши а луш.
23ХӀаранера а, Ханейра а, Ӏеданера а, Шебера а, Ашур-махкара а, иштта Килмадера а болчу совдегарша хьоьца мах лелабора.
24Цара хьуна еза бедарш а, сийна тӀаргӀа а, тӀехь тӀамарш йолу кӀадеш а, бес-бесара кузаш а, чӀогӀа даьӀна эхангаш а дахьара.
25Ахьа духкуш мел дерг Таршаш-гӀаларчу хӀордкеманашца схьакхоьхьуш дара.
26
27
28
29
30
31
32
33
34
35ХӀордан йистехь дехаш долу къаьмнаш инзардевлла хьох, церан паччахьаш а, юьхьсибат хийцалуш, Ӏадийна бегабо.
36Кхечу къаьмнех болчу совдегарша гӀайгӀанца шакарш етта. Хьо къемате хӀаллакьхилла яьлла, ткъа кхин цкъа а юха хир а яц’“».