11Иза ша а, кхечу къаьмнашна юкъара уггар а къиза долу цуьнан эскар а Ас Мисар-махкана тӀе хьажор ду, и латта хӀаллакдайтархьама. Цара шайн тарраш хьала а даьхна, дерриг а латта декъех хьаладузур ду.
12Ас Нил-хин гаьннаш а дакъор ду, ткъа латта къизачу нахана дӀа а духкур ду, кхечу махкарчу нехан карахула Ас дассор ду и латта.
12Иза Ас боху, Везачу Эло’.
13Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ас цӀуш а бохор бу, Нуп-гӀалара харцделанаш а хӀаллакбийр бу. Мисар-махкахь кхин хир вац куьйгалхо. Ас кхерам тосур бу Мисар-махкахь бехаш болчеран даг чу.
21«Адаман кӀант! Ас Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунан куьг кагдина. Иза цхьаммо а, лоьралла а деш, дӀа а ца дихкина, цуьнгахь тур хьалаайа ницкъ хилийтархьама».
22Цундела иштта боху Хьалдолчу Эло: «Со дуьхьал ву Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунна. Ас ший а куьг кагдийр ду цуьнан, кагдинарг а, кагдаза дерг а, Ас дожор ду цуьнан карара тур.
23Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу.
24Ткъа Бавелан паччахьан куьйгаш Ас чӀагӀдийр ду, цуьнан кара Сайн тур а лур ду, ткъа пирӀунан куьйгаш Ас кегдийр ду. Иза цунна хьалха, валлал чӀогӀа лазийнарг санна, узарш деш хир ву.
25Ас Бавелан паччахьан куьйгаш чӀагӀдийр ду, ткъа пирӀунан куьйгаш гӀорасиза охьагӀур ду. Ас Сайн тур Бавелан паччахьан кара дӀаделча, ткъа цо иза Мисар-махкана тӀе хьалаайича, царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.
26Аса мисархой кхечу къаьмнашкахула дӀасабаржор а бу, уьш кхечу мехкашкахула дӀасакхуьссур а бу. ТӀаккха хуур ду царна Со Веза Эла вуйла».