1Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран шуьйтталгӀачу беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элан дош кхечира соьга:
2«Адаман кӀант! ХӀара тийжам Мисар-мехкан паччахь волчу пирӀунах лаций дӀаала:
3Иштта боху Хьалдолчу Эло:
4
5
6
7
8
9«Дуккха а долчу халкъийн дегнаш гӀайгӀане хилла дӀахӀуьттур ду,
10
11ХӀунда аьлча Хьалдолчу Эло иштта боху:
12
13
14
15
16
17Халкъ Бавеле дӀадигначул тӀаьхьа шуьйтталгӀачу шеран тӀаьххьарчу беттан пхуьйтталгӀачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира:
18«Адаман кӀант! Белхар де Мисар-махкара адамаш бахьана долуш. Ахьа сийлахьчу къаьмнийн зудабераш а, и халкъ а эхарте дӀадига, коше дӀабаханчаьрца цхьаьна хилийтархьама.
19ДӀаала цаьрга:
20Мисар-мохк тӀамехь байъинчарна юкъахь Ӏуьллур бу. Шен мел долчу халкъаца цхьаьна иза дӀадигна хуьлийла.
21Оцу эхартан юккъера турпалхойх уггар доьналла долуш болчара Мисар-махкана а, цуьнан бартхошна а эр ду: „Сунтбаза болу уьш, туьро хӀаллакбина, охьа а бехкина, Ӏохкуш бу цигахь“.
22Цу меттехь Ашур-мохк а бу шен мел хиллачу эскарца. Паччахьна гонах церан кешнаш ду, уьш берриш а туьро хӀаллакбина.
23Церан кешнаш эхартехь уггар а кӀорггехь ду, Ашур-мехкан паччахьан къуббанна гонах. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина, дийна болчу хенахь цара адамаш кхерамца Ӏадийнехь а.
24Цигахь Ӏейлам а ву, ткъа цуьнан эскар паччахьан къуббанна гонах а ду. Цуьнан берриг а тӀемалой хӀаллакьхилла тӀамехь. Уьш берриш а сунтбаза эхарте а кхаьчна, шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а. Цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа.
25ХӀаллакбина Ӏохкучарна юкъахь Ӏейламана а, цуьнан эскарна а мотт биллинера. Царна гонах Ӏохкуш хӀаллакбинарш бара, уьш берриш а сунтбаза а бара, туьро хӀаллакбина а бара. Шаьш дийна болчу хенахь цара дерриг а адамаш кхерамца Ӏадийнехь а, хӀинца цара ерриг а шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха богӀучаьрца цхьаьна яхьа. ХӀаллакбиначарна юкъахь охьабехкина бу уьш.
26Цигахь Машах а, Тубал а ву шайн эскаршца, царна гонах сунтбаза болчеран кешнаш а ду. Уьш берриш а туьро хӀаллакбина а бу, хӀунда аьлча цара дийна болчу хенахь халкъашна юкъахь кхерам латтабора.
27Уьш байъинчу ширачу заманахь
28Ткъа хьо а, Мисар-мохк, хӀаллакбина хир бу, хьо а сунтбаза болчаьрца а, иштта туьро хӀаллакбинчаьрца а цхьаьна Ӏуьллур бу.
29Цигахь Эдом-мохк а, цуьнан паччахьаш а, элий а бу. Уьш берриш а майра тӀемалой бара, ткъа хӀинца туьро хӀаллакбинчаьрца цхьаьна охьабехкина бу. Уьш сунтбаза болчу лаьтта буха баханчаьрца цхьаьна Ӏохкуш бу.
30Цигахь къилбаседехьа хилла болу элий а, иштта адамашна кхерамаш туьйсуш болу цӀаданхойн тӀемалой а бу. Туьро хӀаллакбиначаьрца цхьаьна уьш сунтбаза Ӏохкуш бу, шайн юьхьӀаьржо лаьтта буха боьлхучаьрца цхьаьна дӀаяхьа.
31ХӀаллак а хилла, эхарте бахана болу нах пирӀунна дӀагича, цунна синхьаам хир бу и хӀаллакбина нах бахьана долуш, хӀунда аьлча пирӀун а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.
32«ПирӀуно, ша дийна волчу хенахь, адамаш, кхера а деш, Ӏададора, амма иза а, цуьнан эскар а туьро хӀаллакбинчу сунтбаза болчаьрца дӀабоьхкина хир бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло.