1Везачу Элан дош кхечира соьга:
2«Адаман кӀант, СеӀир-ломана дуьхьал вист а хилий, Соьгара болу хаам а беш,
3дӀаала: „Иштта боху Хьалдолчу Эло:
4
5Гуттара а Сан халкъана дуьхьал хьан мостагӀалла а дара, ткъа цунна хала киртиг тӀехӀоьттинчу хенахь, царна тӀехь долу таӀзар кхоччуш хилча, ахь Сан халкъ дӀаделира, туьре хӀаллакдайтархьама.
6Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Хьалдолчу Эло, — хьо Айса Ӏожалле дӀакховдор бу аьлла, и Ӏожалла хьуна тӀаьхьаяьлла лелар ма ю. Хьо цӀий ца Ӏенош ца сацалора, и цӀий хьуна тӀаьхьадаьлла лелаш ду.
7Ас СеӀир-лам, шена тӀехь цхьа а адам ца дуьтуш, бассор бу, Ас цу лам тӀе воьдург а, цигара юхавирзинарг а хӀаллаквийр ву.
8Ас лаьмнаш декъех хьаладузур ду, уьш массо а гунаш тӀехь а, тогӀеш чохь а, массо а Ӏаннаш чохь а Ӏохкуш хир ду, туьро хӀаллакдина.
9Ас массо а ханна бассор бу хьо, хьан гӀаланашкахь вехаш цхьа а стаг хир вац, тӀаккха хуур ду хьуна, Со Веза Эла вуйла.
10Ахьа бехира: ‹И ший а къам а, ший а мохк а
11Цундела дийна волчу Сайх чӀагӀо йо Ас, — боху Хьалдолчу Эло, — уьш цабезарна ахь царна гайтинчу цабезаме а, эмгаралле а хьаьжжина, Со хьоьца а хир ву. Аса хьуна кхел ярехула царна хуур ду, Со муха ву.
12ТӀаккха хуур ду шуна, аша Исраил-мехкан лаьмнашна, кхиссарш а еш, мел дийцинарг Веза Эла волчу Суна хезна хиллийла. Аша бохура: ‹Исраилан мохк бассийна! Иза тхоьга баийта схьабелла бу!›
13Иштта Суна дуьхьал аша дозалла а дора, кура къамелаш а дора’“.
14Хьалдолчу Эло боху: „Дерриг а дуьне доккхадечу хенахь, Ас хьо бассор бу.
15Исраил-мохк бассийча, шу а дара даккхийдеш. Ткъа хӀинца Аса шуна а дийр ду цунна диннарг. СеӀир-лам а, берриг а Эдом-мохк а бассор бу. ТӀаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла“».