Яхьазкхиал 39:1-29 CHE2012 - Bible AI

1«Адаман кӀант, Соьгара болу хаам а беш, дӀаала ГӀогӀе: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Ва ГӀогӀ, Машахан а, Тубалан а коьрта эла [22] волчу хьуна дуьхьал ву Со!

2Хьо юха а верзийна, Аса дӀакхоьхьур ву хьо. Генарчу къилбаседехьара хьо схьа а валийна, Исраилан лаьмнашна дуьхьал дӀавуьгур ву Ас.

3ТӀаккха Ас хьан аьрру куьйгара секхаӀад дӀадоккхур ду, хьан аьтту куьйгара пхерчий дӀакхуьссур ду.

4Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо — хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дӀалур ву.

5Хьо аренгахь вуьйр ву, Аса иштта аьлла дела — боху Хьалдолчу Эло. —

6Везачу Эло боху: ‹Ас МагӀогӀ-махкана тӀе а, хӀордан йистехь кхерам боцуш дехаш долчу адамашна тӀе а цӀе хьажор ю. ТӀаккха царна хуур ду, Со Веза Эла вуйла.

7ТӀаккха Аса Сайн еза цӀе Сайн Исраилан халкъана дӀайовзуьйтур ю. Ас кхин сийсазйохуьйтур яц Сайн цӀе, ткъа массо а къаьмнашна дӀахуур ду, Веза Эла волу Со Исраилан халкъан Везаниг вуйла.

8Гой хьуна, и хӀума тӀекхочуш ду, иза кхочуш а хир ду, — боху Хьалдолчу Эло. — Ас дийцина долу де ма ду иза!

9ТӀаккха Исраил-махкарчу гӀаланашкахь бехаш болчу бахархоша, ара а бевлла, цӀе а латийна, цу цӀергахь герз дагор ду — кегий а, даккхий а турсаш а, секхаӀедаш а, пхерчий а, хьокхий а, гоьмукъаш а. ВорхӀ шарахь шайн цӀерашкахь дагор ду цара уьш.

10Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац — мостагӀийн герз чӀеш хилла дӀахӀуттур ду царна. Шайгара хӀонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хӀонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

11«Ас Исраил-махкахь меттиг билгалйоккхур ю, ГӀогӀ дӀаволлийта. Иза хир ю хӀорд болчу агӀонгара малхбалехьа, Беллачийн ТогӀи [23] чохь. Цу меттиго некъахойн некъ сацор бу. Наха цунна, ГӀогӀан эскаран тогӀи аьлла, цӀе туьллур ю.

12ВорхӀ баттахь дӀабухкур бу уьш Исраилан халкъо, шайн латта царах дӀацӀандеш.

13Дерриг а халкъ хир ду уьш дӀабухкуш, ткъа халкъана иза сийнна хир ду Ас Сайн сийлалла дӀагойтуш долу и де». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

14«Цара леррина нах билгалбохур бу, махкахула чекх а буьйлуш, лаьтта тӀехула дисина долу беллачийн декъий цаьрга дӀадохкийта, шайн латта цӀандархьама. ВорхӀ бутт дӀабаьллачул тӀаьхьа уьш и декъий лаха арабовла беза.

15Декъий схьалохуш волчунна адаман цхьа даьӀахк гича, цо цунна улло билгало хӀотто еза, и декъий дӀадухкуш лелаш болчарна и билгало гинчул тӀаьхьа, уьш ГӀогӀан эскаран тогӀи чохь дӀадохкийта.

16Цу беллачеран гӀалина, ХӀамуна (эскарийн тоба) аьлла, цӀе туьллур ю. Иштта цӀандина хир ду и латта.

17Адаман кӀант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дӀаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагӀа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагӀа ду, цигара дилха а даа, цӀий а мала.

18Аша майрачу тӀемалойн дилха дуур ду, Лаьттан элийн цӀий а мер ду, ткъа уьш Башанехь дустийна уьстагӀий а, Ӏахарий а, гезарий а, стерчий а санна хир бу.

19Аша шаьш дуззалц мохь а юур ю, шаьш даххалц цӀий а мер ду, Ас шайна даьккхинчу сагӀанах.

20Сан шуьна тӀехь шу дуззалц яа говраш а, дошлой а, майра тӀемалой а, иштта массо а тайпана эскархой а хир бу’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

21«Ас халкъашна Сайн сийлалла гучуйоккхур ю, тӀаккха массо а къаьмнашна Ас йина кхел дӀагур ю, царна Сан ницкъ а дӀагур бу.

22Оцу дийнахь дуьйна Исраилан халкъана хуур ду, Со шайн Веза Дела вуйла.

23Массо а халкъашна дӀахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хӀунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагӀийн кара дӀаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тӀамехь далийтархьама а.

24Со цаьрца лелла, церан боьха хиларе а, цара летийначу зуламашка а хьаьжжина. Иштта Аса Сайн юьхь царах къайлаяьккхина».

25Цундела Хьалдолчу Эло боху: «ХӀинца Ас Якъубан тӀаьхье юхаметтахӀоттор ю. Ас къинхетам бийр бу дерриг а Исраилан халкъах, иштта Сайн еза цӀе Ас ларйийр ю.

26Шаьш цхьа а кхерам а боцуш машаре даха хевшича, уьш юьхьӀаьржачу хӀиттина лелар а бу, Суна шаьш схьагайтина долу шайн тешаме цахилар а лелош.

27Ас Сайн халкъ кхечу къаьмнашкара юхадерзор ду, Ас иза цуьнан мостагӀийн мехкашкара схьагулдийр ду, ткъа иштта Аса дуккха а къаьмнашна хьалха дӀагойтур ду, Со веза хилар.

28Иштта хуур ду царна, Со церан Веза Дела вуйла, хӀунда аьлча уьш кхечу къаьмнашна юкъа Ас йийсаре бахийтинехь а, хӀинца уьш, схьа а гулбина, шайн лаьтта тӀе схьабалор бу, царах цхьа а цигахь вуьтур а вац.

29Ас кхин цкъа а царах Сайн юьхь къайлайоккхур яц, хӀунда аьлча Ас Сайн Синан Ӏаь тухур ю Исраилан халкъана тӀе». Иштта боху Хьалдолчу Эло.

e>