1Иштта, Пасахьан деза де тӀекхача ялх де дисича, Бет-ХӀина олучу гӀала веара Ӏийса. Ӏийсас веллачуьра денвина волу ЛаӀзар а вара цигахь вехаш.
2Цигахь суьйренан пхьор кечдинера Ӏийсана. Марта а яра гӀуллакхаш деш. И ЛаӀзар а вара Ӏийсаца пхьор дуучаьрца.
3ТӀаккха Марема, цхьа герка хиллал нард олучу зезагех даьккхина долу деза даьтта, схьа а эцна, Ӏийсан когаш тӀе доьттира. Цул тӀаьхьа шен коьртара месашца Ӏийсан когаш бакъийра цо. Ткъа и цӀа хаза хьожа йогӀучу даьттанан хьожанах дуьзира.
4ТӀаккха Ӏийсан мурдех цхьаммо, ЯхӀуд-Искархочо, тӀаьхьа Ӏийсана ямартло ен волчо, элира:
5«И деза даьтта кхо бӀе динари ахчанах дохка а доьхкина, мискачарна дӀа хӀунда ца дийкъира вай?»
6И ша аьлларг ца элира цо мискачу нехан бала кхаьчна, ткъа ша къу хиларна элира. Шегахь мурдийн ахча Ӏалашдеш лелош болу тӀоьрмаг болу дела, наггахь цу чу тосучу ахчанах хӀума схьаоьцура цо шена.
7ТӀаккха Ӏийсас элира: «Йита и зуда. Шена ца хуъушехь, Со дӀавуллун волчу денна Ӏалашдина хилла цо и даьтта
8ХӀунда аьлча мисканаш гуттар а хир бу шуьца, ткъа Со даим хир вац шуьца».
9Дукхах болчу яхӀудхошна хиира Ӏийса цигахь вуйла. Ӏийса гархьама хилла а ца Ӏаш, Цо веллачуьра денвина волу ЛаӀзар ган а баьхкинера уьш.
10Ткъа динан коьртачу дайша ЛаӀзар а вен сацам бира.
11ХӀунда аьлча ЛаӀзар бахьана долуш баьхкина дукхах болу яхӀудхой, динан куьйгалхойх дӀа а къаьстина, Ӏийсах тийшира.
12ШолгӀачу дийнахь Пасахь даздан баьхкинчу дукхачу нахана хезира, Ӏийса Ярушалайме вогӀуш ву аьлла.
13Уьш, хурманийн диттийн гаьннаш карахь а долуш, Ӏийсана дуьхьалбаьхкира. Цара аз айдина маьхьарий деттара:
14Ткъа Ӏийса, цхьа къона вир карийна, цунна тӀе хиира, Делан Йозанаш тӀехь яздина ма-хиллара:
15
16Цуьнан мурдаш юьхьанца ца кхийтира цунах. Амма, тӀаьхьа, Ӏийсан сийлалла кхочушхилча, кхийтира уьш, и дешнаш Цунах лаьцна яздина хиларх а, и дерриг а Цунна дина хиларх а.
17Хьалха Цо ЛаӀзар къуббанна чуьра схьакхайкхинчу хенахь а, Цо иза веллачуьра денвинчу хенахь а Ӏийсаца хиллачу наха цунах тоьшалла дора.
18Ӏийсас оцу тамашийначу гӀуллакхан билгало яр хезна, Цунна дуьхьалбаьхкира нах.
19Парушхоша вовшашка бохура: «Гой шуна, вай-м хӀумма а дан ца ларий? Ткъа дерриг дуьне а Цунна тӀаьхьахӀуттуш ма лаьтта!»
20Пасахьан дезачу дийнахь Далла Ӏамал ян баьхкинчарна юкъахь грекахой а бара.
21Галилай-махкара Бет-Саида-гӀалара волчу Пилапана тӀебахара уьш. Цара, дехарш деш, элира Пилапе: «Олахо, тхуна Ӏийса ган лаьа».
22Цунах лаьцна Пилапа Ӏандаре дӀаэлира. ТӀаккха Ӏандара а, Пилапа а, вахана, Ӏийсага дӀадийцира грекахошна луург.
23Ӏийсас, жоп луш, элира цу шинга:
24Баккъалла а боху Ас шуьга: нагахь кӀен буьртиг лаьтта боьжча, хӀаллак ца хилахь, иза ша буьсур бу. Ткъа нагахь иза ша хӀаллакьхилахь а, дуккха а стом лур бу цо.
25Шен са дезачо иза хӀаллакдо. Ткъа кху дуьненахь шен са ца дезачо, Дела волчохь хедар доцучу дахаре кхачархьама, Ӏалашдийр ду иза.
26Милла а Суна гӀуллакх деш верг Суна тӀаьхьахӀуттийла. Иза Со волччохь Сан ялхо а хир ву. Милла а Суна гӀуллакх деш верг Сан Дас лорур а ву».
27«Ткъа хӀинца Сан са карзахдаьлла. ХӀун ала те Ас? „Дада, кӀелхьарваккхахьа Со кху сахьтах“? Амма кху сахьтана веана ма ву Со.
28Дада! Гучуяккхахьа Хьайн цӀеран сийлалла!»
29Цигахь лаьтташ болчу, иза хезначу наха бохура: «Иза стигал къовкъар дара».
30Цара аьллачунна дуьхьал Ӏийсас элира: «Сан дуьхьа даийтина дацара и аз, амма шун дуьхьа даийтина дара иза.
31ХӀинца кху дуьненна кхел хуьлуш ю. Кху дуьненан эла дӀаэккхор ву хӀинца.
32Со лаьттара хьалаваьккхича, массо адам Сайна тӀеозор ду Ас».
33Иза Ӏийсас элира, Шен валар муха хир ду хаийтархьама.
34Наха Ӏийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тӀехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КӀант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КӀант?“»
35ТӀаккха Ӏийсас элира цаьрга: «ХӀинца а кӀеззигчу ханна серло ю шуьца. Серло йолччуьра, лела шу, шаьш бодане дӀа ца хьулдайта. Ткъа боданехь лелачунна ша стенга воьду а ца хаьа.
36И серло шуьца йолччуьра, теша цу серлонах, тӀаккха серлонан кӀентий хир ду шух». Иза а аьлла, Ӏийса, дехьа а ваьлла, къайлавелира царах.
37Оццул дукха тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш гайтира Ӏийсас нахана, хӀетте а тешаш бацара уьш Цунах.
38Иза дара ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла хӀара дешнаш кхочушхилийтархьама:
39Цу нехан тешийла а дацара, ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро кхидӀа а иштта аьлла дела:
40
41Иштта аьллера ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро, шена Ӏийсан сийлалла гича. Иза Ӏийсах лаьцна аьллера цо.
42Ур-атталла куьйгалхошна юкъара а дукхахберш тийшира Ӏийсах. Амма шаьш парушхойх кхерар бахьана долуш, цара ца хаийтира шаьш тешний. Уьш кхоьрура шаьш гуламан цӀийнах дӀакъасторах.
43ХӀунда аьлча шайна адамашкара долу сийдар Дала сийдарал а сов дезарна.
44ТӀаккха Ӏийсас дӀакхайкхадира нахе: «Сох тешаш верг, Сох тешна а ца Ӏаш, Со Ваийтинчух а теша.
45Со гуш волчунна Со Ваийтинарг а го.
46Серло санна веана Со кху дуьнен чу, Сох тешнарг цхьа а боданехь ца витархьама.
47Нагахь санна цхьаммо Сан дешнаш шена хезча, уьш ца лардахь а, Ас цунна кхел йийр яц. ХӀунда аьлча Со дуьненна кхел ян веана вац, амма дуьне кӀелхьардаккха веана ву.
48Со юхатухуш а, Сан дешнаш тӀе ца оьцуш а волчун шен кхел ю. Ас аьллачу дашо йийр ю цунна кхел тӀаьххьарчу дийнахь.
49ХӀунда аьлча Аса Сайгара ца боху, амма Со ваийтинчу Сан Дас весет дина Соьга, Аса хӀун ала а, хӀун дийца а деза олуш.
50Суна хаьа, Делан весето Ша волчохь хедар доцучу дахаре валавой. Цундела Айса бохург, Сайн Дас ма-аллара, боху Ас».