Яхьъя 13:1-38 CHE2012 - Bible AI

1Пасахьан деза де тӀекхочуш дара. Ша кху дуьненара Шен Дена тӀеваха веза хан тӀекхаьчний хаьара Ӏийсана. Дуьненара Шенаш безара Ӏийсана, ткъа хӀинца Шен безам ма-барра кӀорггера гайтира Ӏийсас царна.

2Суьйренан пхьор дуучу хенахь Ӏийсана ямартло ян дагатесира иблисо ШамӀа-Искархочун кӀантана ЯхӀудана.

3Ткъа Ӏийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хӀинца Далла тӀевоьдий а.

4Иштта Ӏийсас, хьала а гӀаьттина, Шен тӀехулара бедар схьаяьккхира. ТӀаккха гата схьа а эцна, иза Шен гӀодаюкъах дихкира.

5Цул тӀаьхьа теса чу хи доьттира Ӏийсас. ТӀаккха мурдийн когаш била а буьлуш, уьш Шен гӀодаюкъарчу гатанца бакъабан волавелира Иза.

6Иштта ШамӀа-Кипина тӀе а вахара Ӏийса, ткъа вукхо элира Цуьнга: «Веза Эла, Ахь буьлур бара сан когаш?»

7Ӏийсас жоп делира: «Ас дийриг цкъа хӀинца хӀун ду ца хаьа хьуна, амма тӀаьхьа кхетар ву хьо».

8ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Буьлур бац Ахьа-м сан когаш цкъа а». Ткъа Ӏийсас жоп делира Кипе: «Ас уьш ца билахь, Сох доьзна хьан хӀумма а хир дац-кх».

9ТӀаккха ШамӀа-Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, когаш билина а ца Ӏаш, сан куьйгаш а, корта а билахь!»

10Ӏийсас элира цуьнга: «Лийчиначун ши ког бен била ца оьшу, хӀунда аьлча иза верриг а цӀена ву. Шу а цӀена ду, дерриш дацахь а».

11Ӏийсана-м вевзара Шена ямартло ен верг. Цундела элира Цо: «Шу дерриш цӀена дацахь а», — аьлла.

12Мурдийн когаш билина а ваьлла, Шен бедар схьа а эцна, Ӏийса юха а Шен метте дӀатевжира. Ткъа мурдашка Цо элира: «Хаьий те шуна Ас шайна динарг хӀун ду?

13Аша Сох „Устаз“ а, „Веза Эла“ а олу, иза нийса олу аша, Со Иза ван а ву.

14Иштта, шун Веза Эла а, Устаз а воллушехь, Аса а шун когаш билча, аша а била беза вовшийн когаш.

15Аса масал гайтира шуна. ХӀинца Ас шайна диннарг шуьга вовшашна а дайтархьама.

16Баккъалла а боху Ас шуьга: „Ялхо шен олахочул лакхара вац. Иштта вахийтинарг а ша ваийтинчул лакхара вац“.

17Иза шуна хаа а хаахь, и аша кхочуш а дахь, декъала хир ду шу.

18Шух массарах лаьцна ца боху Ас иза. Суна бевза Айса хаьржинарш. Амма кхочушхила деза Делан Йозанаш тӀехь яздина долу: „Соьца бепиг дууш волчо Суна тӀе куьг айина“, — боху дешнаш.

19ХӀинца хьалххе дӀахоуьйту Ас шуьга хиндерг, иза кхочушхилале, тӀаккха и кхочушхилла даьлча, Со Со Верг хиларх шу тешийта.

20Баккъалла боху Ас шуьга: Ас Вохуьйтург тӀеоьцуш волчо Со тӀеоьцу, ткъа Со тӀеоьцучо Со Ваийтинарг а тӀеоьцу».

21И къамел дича, Ӏийсан са бӀарзделлера. Цо, тоьшалла деш, элира: «Бакъдерг боху Ас шуьга, шух цхьаммо ямартло йийр ю Суна».

22ТӀаккха мурдаш, цецбевлла, вовшашка хьоьжура, Цо хьанах лаьцна боху ца кхеташ.

23Мурдех Ӏийсана къаьсттина везаш волу цхьаъ Цуьнан некха тӀе тевжина Ӏаш вара.

24Оцу мурде ШамӀа-Кипас хичаш йира, и Цо вуьйцург мила ву те, Ӏийсага хаттахь аьлла.

25Оцу мурдо, Ӏийсан некха тӀе корта а биллина, хаьттира Цуьнга: «Веза Эла! Мила ву иза?» — аьлла.

26Ӏийсас жоп делира: «Аса хӀара баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, дӀакховдон ерг ву». ТӀаккха Ӏийсас баьпкан юьхк, кеда чу а Ӏоьттина, ШамӀа-Искархочун кӀанте ЯхӀуде дӀакховдийра.

27ЯхӀуда и баьпкан юьхк схьа-ма-ийцци, цу сахьттехь, цунна чу иблис дуьйлира. ТӀаккха Ӏийсас элира ЯхӀуде: «И хьо дан воллург сихха дей вала».

28Амма Ӏийсана юххехь дӀатевжина Ӏаш болчех цхьа а ца кхийтира, Ӏийсас стенах лаьцна боху цуьнга.

29ЯхӀудехь ахча долу тӀоьрмаг хиларна, царах цхьаболчарна моьттира, Ӏийсас цуьнга: «Дезачу денна вайна оьшург эца», — я: «Мискачарна сагӀа ло», — боху.

30Ткъа ЯхӀуд, и баьпкан юьхк схьа а эцна, цу сахьтехь аравелира. Арахь буьйса яра.

31Иштта, ЯхӀуд араваьлча, Ӏийсас элира: «ХӀинца Адамийн КӀентан сийлалла а гучуели, ткъа Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхи.

32Нагахь Делан сийлалла Цуьнгахула гучуяьккхича, тӀаккха Дала а Шегахула Адамийн КӀентан сийлалла гучуйоккху. Кестта Дала Цуьнан сийлалла гучуйоккхур ю.

33Бераш! ХӀокхул тӀаьхьа кхин дукха хир вац Со шуьца. Лоьхур ву аша Со. Амма Ас динан куьйгалхошка ма-аллара: „Со воьдучу шун догӀийла яц“, иштта хӀинца шуьга а боху Ас изза.

34ХӀинца керла гӀуллакх тӀедуьллу Ас шуна: вовшийн дезаш хила. Суна шу ма-деззара, иштта шуна а дезийла вовшийн.

35Нагахь шун вовшашка безам хилахь, тӀаккха хуур ду массарна а шу Сан мурдаш хилар».

36ШамӀа-Кипас хаьттира Ӏийсага: «Веза Эла! Хьо стенга воьду?» Ӏийсас жоп делира цуьнга: «Со воьдучу цкъа хӀинца валур вац хьо, амма тӀаьхьо вогӀур ву хьо Суна тӀаьххье».

37Кипас хаьттира Ӏийсага: «Сан йиш хӀунда яц те хӀинцца Хьуна тӀаьхьа ван? Сайн са а дӀалур ду-кх ас Хьан дуьхьа».

38Ӏийсас жоп делира: «Хьайн са а дӀалур ду боху ахь Сан дуьхьа? Бакъдерг боху Ас хьоьга: „НӀаьна кхайкха а кхайкхале, кхузза Сох дӀакъаьстар ву хьо“».

Institute for Bible Translation, 2012
iv>