Яхьъя 20:1-31 CHE2012 - Bible AI

1Ткъа кӀирандийнахь, хьалххе, са а тасале, Магдал-юьртара Марем къубба йолчу еара. Цигахь къуббанна дуьхьал биллина болу тӀулг дӀакарчийна гира Маремана.

2ТӀаккха Марем, едда, Кипина а, Ӏийсана къаьсттина везаш хилла волчу кхечу мурдана а тӀееара. Цо элира цаьрга: «Веза Эла къуббанна чуьра дӀаваьхьна, ткъа Иза мича охьавиллина ца хаьа».

3ТӀаккха Кипа а, и важа мурд а, ара а ваьлла, къубба йолчу вахара.

4И шиъ цхьаьна ведира, амма важа мурд, сихо ведда, Кипел хьалха а ваьлла, къубба йолчу хьалха кхечира.

5ТӀаккха охьатаьӀначу мурдана Ӏохкуш кӀадинан кескаш гира, амма иза цу чу ца велира.

6Цул тӀаьхьа ШамӀа-Кипа а схьакхечира цу мурдана тӀаьххье. Къуббанна чуваьллачу Кипина а гира Ӏохкуш йолу еккъа кӀадинан кескаш.

7Ӏийсан коьртах хьарчийна хилла долу йовлакх, цу кескашца а доцуш, хьарчийна ма-хиллара, къаьсттина, кхечу меттехь Ӏуьллуш дара.

8Цу хенахь хьалхаваьлла схьакхаьчна волу важа мурд а къуббанна чувелира. Иза, и дерриг ган а гина, тийшира.

9ХӀунда аьлча уьш хӀинца а Делан Йозанаш тӀехь яздина долчу Дала леррина Къобалвинарг веллачуьра денвала везарх ца кхетара.

10Иштта мурдаш юхабирзира.

11Ткъа Марем къуббанна уллохь йоьлхуш лаьттара. Йоьлхуш йолу иза къуббанна тӀе охьатаьӀира.

12Цу хенахь Маремана, тӀехь кӀайн хӀуманаш а йолуш, хиъна Ӏаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Ӏийса охьавиллина хиллачу меттехь.

13ТӀаккха цара Мареме элира: «Зуда! Хьо хӀунда йоьлху?»

13Марема жоп делира: «Сан Веза Эла дӀа а ваьхьна, Иза мичахь охьавиллина сайна ца хаьа дела, йоьлху со».

14И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Ӏийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Ӏийса вуйла.

15Ӏийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хӀунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?»

15Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дӀаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара».

16Ӏийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду).

17ТӀаккха Ӏийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хӀунда аьлча Со хӀинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тӀе а гӀой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тӀе а, Сайн Далла а, шун Далла а тӀе хьалаволу Со“».

18ТӀаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дӀахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.

19Оцу кӀирандийнахь, суьйранна, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна, неӀ дӀакъевлина уьш Ӏаш болуш, чу а ваьлла, юкъаметте дӀа а хӀоьттина, Ӏийсас мурдашка элира: «Машар хуьлда шуьца!»

20И аьлла, Шен куьйгаш а, агӀо а гайтира Цо. Веза Эла гича, чӀогӀа хазахеттера мурдашна.

21ТӀаккха юха а элира Ӏийсас цаьрга: «Маршо хуьлийла шуьца! Со Дас ваийтаре терра, Аса шу а дохуьйту!»

22И аьлла, Ӏаь а тоьхна, Ӏийсас элира: «ДӀаэца Делан Са.

23Нагахь аш адамийн къиношна гечдахь, уьш царна тӀера дӀадевр ду, ткъа нагахь аша и къиношна геч ца дахь, уьш царна тӀехь дуьсур ду».

24Ткъа оцу шийттаннах цхьаъ, шех Шалавинарг олуш волу ТӀама, Ӏийса веанчу хенахь мурдашца вацара.

25ТӀаьхьа оцу мурдаша ТӀамига элира: «Тхуна Веза Эла гира».

25Ткъа ТӀамас элира цаьрга: «Нагахь сайна Цуьнан куьйгаш тӀехь хьостамех йисина чевнаш а ца гахь, сайн куьг Цуьнан агӀонах йолчу чевнна чу а ца дахийтахь, хӀуъа хилча а, тешар вац со».

26Цул тӀаьхьа кӀира даьлча, мурдаш юха а, гулбелла, Ӏаш бара цӀа чохь. ТӀама а вара цаьрца. НеӀ дӀакъевлина а йолуш, Ӏийсас, цӀа чу а веана, юккъе дӀа а хӀоьттина, элира цаьрга: «Машар хуьлда шуьца!»

27ТӀаккха ТӀамига Ӏийсас элира: «Хьайн пӀелг схьа а кховдабай, хьажа Сан куьйгашка, ткъа хьайн куьг Сан агӀонах йолчу чевнах чекхдаккха. Ма хила ца тешаш, амма тешаш хила».

28ТӀамас, жоп луш, элира Ӏийсага: «Сан Веза Эла, сан Дела!»

29Ӏийсас элира цуьнга: «Хьо тийши, хьайна Со гина дела. Декъала бу-кх, Со гина воццушехь, Сох тешнарш».

30Кхин дуккха а тамашийна гӀуллакхаш дира Ӏийсас Шен мурдашна хьалха, кху тептар тӀехь яздина а доцу.

31Ткъа хӀорш яздина Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг, Делан КӀант хиларх шу тешийтархьама [22] а, тӀаккха, Цунах теша а тешна, Цуьнан цӀарах шун бакъдолу дахар хилийтархьама а.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>