Яхьъя 21:1-25 CHE2012 - Bible AI

1Цул тӀаьхьа Тхьабара-хӀордан [23] йистехь Ӏийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Ӏийсас Ша цигахь.

2Цу хенахь ШамӀа-Кипа а, ТӀама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаӀил а, Зевадин кӀентий а, Ӏийсан мурдех волу кхин шиъ а — уьш цхьаьна бара.

3ШамӀа-Кипас элира цаьрга: «Со чӀерий леца воьду».

3Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догӀу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хӀумма а ца лецира.

4Ткъа Ӏуьйре тӀейогӀучу хенахь Ӏийса бердан йисте дӀахӀоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Ӏийса вуйла.

5Ӏийсас элира цаьрга: «ДоттагӀий, чӀерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», — аьлла.

6Ткъа Ӏийсас элира цаьрга: «Шайн чӀерий лоцу бой хинкеманан аьтту агӀор чутаса, тӀаккха карор ду шуна чӀерий». Цара бой чутесира, тӀаккха чӀерий тӀех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга.

7ТӀаккха Ӏийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХӀара Веза Эла ву».

7Ткъа ШамӀа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гӀодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира.

8Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тӀехь, шайна тӀаьхьа чӀерашца йолу бой а текхош, хӀордан йисте кхечира, уьш болчуьра хӀордан йисте кхача, ши бӀе дол хиллал бен юкъ йоцу дела.

9Мурдашна, хинкеманна тӀера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кӀоран алу а йолуш, цунна тӀехь чӀерий а, юххехь бепиг а гира.

10Ӏийсас элира цаьрга: «Шаьш хӀинца лаьцначу чӀерех цхьадерш схьада кхуза».

11ШамӀа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чӀерий долу бой хӀорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чӀара бӀе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чӀерий лоцу бой ца етӀира.

12Ӏийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хӀума яа шайна».

12Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла.

13Ӏийсас, тӀе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дӀаделира, тӀаккха чӀара а дӀакховдийра.

14Веллачуьра денвеллачул тӀаьхьа Ӏийсас иштта кхозлагӀа а Шен мурдашна гайтира Ша.

15Уьш яа хӀума йиина бевлча, ШамӀа-Кипе Ӏийсас элира: «Яхьъян кӀант ШамӀа! Царначул сов кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТӀаккха Ӏийсас элира Кипе: «Сан Ӏахарий дажаде ахьа».

16ТӀаккха юха шозлагӀа а элира Ӏийсас Кипе: «Яхьъян кӀант ШамӀа, кӀорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХӀаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира цуьнга: «Сан уьстагӀийн Ӏу хила хьо».

17КхозлагӀа а элира Ӏийсас: «Яхьъян кӀант ШамӀа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Ӏийсас кхозлагӀа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» — аьлла. ТӀаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Ӏийсас элира Кипе: «Сан уьстагӀий дажаде ахьа.

18Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дӀа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо».

19Иштта элира Ӏийсас Кипе, цо мухачу Ӏожаллица Дела вазвийр ву дӀахоуьйтуш. ТӀаккха и аьлла, Ӏийсас кхин а тӀетуьйхира: «Суна тӀаьхьахӀотта хьо».

20Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тӀаьхьавогӀу, Ӏийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Ӏийсан некха тӀе а таьӀна Ӏийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» — аьлла волу а мурд вара иза.)

21Иштта, и мурд гина, Кипас элира Ӏийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хӀун хир ду?»

22Ӏийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц [24], иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хӀун бала бу цуьнца? Хьо Суна тӀаьхьахӀотта».

23Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Ӏийсас иза лийр вац ца аьллера. Ӏийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хӀун бала бу цуьнца?»

24И мурд ву цунна тоьшалла дийриг а, цунах лаьцна яздинарг а, ткъа вайна хаьа, цуьнан и тоьшалла билггал бакъ дуйла.

25Кхин дуккха а дара Ӏийсас дина гӀуллакхаш. Схьахетарехь, царах массарех лаьцна тептарш яздинехь, хӀокху дуьнен чу а тарлур дацара уьш.

Institute for Bible Translation, 2012
iv>