Яхьъя 9:1-41 CHE2012 - Bible AI

1ТӀаккха чекхволучу Ӏийсана ша вичхьана дуьйна бӀаьрзе хилла волу цхьа стаг гира.

2Ӏийсан мурдаша хаьттира Цуьнга: «Рабби! Хьан къа латийна дела бӀаьрзе ву те и стаг, цо ша я цуьнан дас-нанас?»

3Ӏийсас жоп делира: «Я цо, я цуьнан дас-нанас ца латийна къа, ткъа цунна тӀехь Делан нуьцкъалаллин гӀуллакхаш гайтархьама хилла иза.

4Де мел ду дан деза вай Со Ваийтинчо тӀедехкина гӀуллакхаш. ТӀейогӀуш буьйса ю, тӀаккха цхьаьнгге а хӀумма а далур дац.

5Со дуьненахь мел ву, дуьненна елла серло ю Со».

6И дешнаш аьлла, лаьтта туй а кхоьссина, цуьнца цхьа поппар бира Ӏийсас. ТӀаккха и поппар бӀаьрзечун бӀаьргех хьаькхира Цо.

7Цул тӀаьхьа бӀаьрзечуьнга элира Ӏийсас: «Вало, нах луьйчуш болчу Шилон (иза „вахийтинарг“ бохург ду) олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила».

7Цу стага, вахана, цигахь шен юьхь йилира, тӀаккха бӀаьрса а гуш, иза цӀа вирзира.

8Лулахоша а, и стаг сагӀа доьхуш шайна гиначу наха а бохура: «ХӀара вац и, охьахиъна, сагӀа доьхуш хилларг?»

9Цхьаболчара бохура: «И стаг ву-кх иза». Вукхара олура: «Цунах тера ву и». Ткъа цо ша элира: «Со ву иза».

10ТӀаккха хаттарш дора цуьнга: «БӀаьргаш схьа муха беллабелира хьан?» — бохуш.

11Цу стага дуьхьал жоп делира: «Ӏийса цӀе йолчу Стага, поппар а бина, и сан бӀаьргашна тӀе а хьаькхна, элира соьга: „Нах луьйчучу Шилон олучу Ӏома тӀе а гӀой, хьайн юьхь йила“. Аса, вахана, юьхь йилира, тӀаккха сан бӀаьргашна са гира».

12ТӀаккха цуьнга элира: «Мичахь ву Иза?» Стага жоп делира: «Ца хаьа суна», — аьлла.

13И хьалха бӀаьрзе хилла стаг парушхошна тӀевигира.

14Ткъа Ӏийсас, поппар а бина, бӀаьрзениг товина де Далла лерина шоьтан де дара.

15ТӀаккха парушхоша а хаьттира: «БӀаьрса муха деана хьуна?» — аьлла.

15Цу стага жоп делира: «Иштта, цхьа поппар а бина, сан бӀаьргашна тӀебиллира Цо иза. ТӀаккха ас юьхь йилира, ткъа хӀинца суна бӀаьрса го».

16ТӀаккха парушхойх цхьаболчара элира: «Делера вац и Стаг, Цо Далла лерина шоьтан де ца лору дела». Вукхара олура: «Шена тӀехь къинош долчу стага муха гойтур ю иштта тамашийначу гӀуллакхийн билгалонаш?» Парушхошна юкъахь къовсамаш бевлира.

17Юха а бӀаьрзе хиллачуьнга хаьттира: «Ахь хӀун эр ду Цунах лаьцна, хӀунда аьлча Цо хьан бӀаьргашна са ма гайтина?»

17Цу стага элира: «Иза пайхамар ву».

18ТӀаккха динан куьйгалхой ца тийшира и стаг, хьалха бӀаьрзе а хилла, хӀинца цуьнан бӀаьргашна са гуш хиларх. Цундела цу стеган дай-наний шайна тӀекхайкхира цара.

19Парушхоша хаьттира цаьрга: «ХӀара вуй аша вичхьана а бӀаьрзе хилла ву боху шун кӀант? Ткъа хӀинца бӀаьрса муха го цунна?»

20Цу дас-нанас, жоп луш, элира цаьрга: «Тхуна хӀара кӀант тхайн вуй хаьа, иза веш дуьйна а бӀаьрзе хилла хилар а хаьа.

21Ткъа хӀинца цунна бӀаьрса муха го а ца хаьа тхуна, я цунна са Гайтинарг мила ву а ца хаьа. ХӀара ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цо ша дийца деза-кх шех лаьцна».

22Иштта жоп делира цуьнан дас-нанас, шаьш динан куьйгалхойх кхерарна. ХӀунда аьлча куьйгалхоша барт бинера, нагахь хьаъа а Ӏийса Дала леррина Къобалвинарг ву аьлла ларахь, иза гуламан цӀийнах дӀакъасто.

23Цундела элира цу стеган дас-нанас: «Иза ша а ву кхиъна ваьлла стаг, цуьнга шега хатта аша», — аьлла.

24ТӀаккха, шозлагӀа а и бӀаьрзе хилларг схьа а кхайкхина, цара элира цуьнга: «Тхуна-м хаьа и Стаг къинош долуш вуй. Ткъа ахьа Далла хьалха бакъдерг алал».

25Цу бӀаьрзе хиллачо элира, царна жоп луш: «И Стаг къинош долуш ву я вац-м ца хаьа суна. Цхьа хӀума-м хаьа суна: Со хӀинццалц бӀаьрзе хилла хилар а, ткъа хӀинца суна са гуш хилар а».

26Юха а хаьттира цара цу стаге: «ХӀун дира Цо хьуна? Хьан бӀаьргаш дӀа муха диллира Цо?» — аьлла.

27БӀаьрзе хиллачо жоп делира царна: «Ас дийцира шуна, амма аша ла ца дуьйгӀира. ХӀинца юха а хаза хӀунда лаьа шуна? Шу-м дац те Цуьнан мурдаш хила лууш?»

28ТӀаккха, иза човха а веш, парушхоша элира: «Хьо ву-кх цу Стеган мурд, ткъа тхо-м Муса-пайхамаран мурдаш ду.

29Тхуна хаьа Дала къамел динарг Муса-пайхамар хиллий, ткъа ХӀара-м мичара ву а ца хаьа тхуна».

30Цу стага, жоп луш, элира цаьрга: «И ду-кх тамашийна хӀума, шуна Иза мичара ву цахаар. Ткъа Цо-м сан бӀаьргаш дӀа ма биллина.

31Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугӀий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугӀу.

32ХӀара дуьне кхоьллинчхьана а дуьйцу ца хезна-кх, цхьаммо а веш дуьйна бӀаьрзе хиллачу стеган бӀаьргашна са гайтийтина бохуш.

33Нагахь Иза Делера Стаг вацахьара, Цуьнга хӀумма а далур а дацара».

34Ткъа динан куьйгалхоша цуьнга жоп делира: «Хьо-х верриг а къинош юкъахь вина ву. Ахь хьоьхур дара тхуна?» Иза а аьлла, гуламан цӀийнах дӀакъастийра цара и стаг.

35И стаг гуламан цӀийнах дӀакъастийнийла а хиъна, иза схьа а лехна, Ӏийсас элира цуьнга: «Теший хьо Адамийн КӀантах?»

36Цу стага, жоп луш, элира: «Эла, Мила ву те Иза, со Цунах тешаш хила?»

37Ӏийсас элира цуьнга: «Хьуна Иза ган а гина, хӀинца хьоьца къамел Дийриг а Иза ву».

38ТӀаккха бӀаьрзе хиллачо элира: «Теша со, Веза Эла!» Иза а аьлла, Ӏийсан сийнна Цунна хьалха гора вуьйжира и стаг.

39ТӀаккха Ӏийсас элира: «Со кху дуьнен чу адамаш декъадалийта веана ву. БӀаьрзе болчарна са гайта а, ткъа бӀаьрса долуш берш бӀаьрзе бан а веана».

40Ӏийсаца хиллачу парушхоша, Цо аьлларг а хезна, элира Цуьнга: «Тхо а ду те бӀаьрзе?»

41Ӏийсас элира цаьрга: «Нагахь шу бӀаьрзе делахьара, шуна тӀехь бехк хир бацара. Ткъа хӀинца аш боху: „Тхуна са го“, — цундела шун бехк шуна шайна тӀехь буьсу».

Institute for Bible Translation, 2012
v>