1ХӀара дешнаш ТакхоӀарчу жаӀуйх цхьаъ волчу Ӏамосан ду. Цунна уьш, Исраилан халкъах хиндолчух лаьцна шена сурт хӀоьттича, хезнера. Иза, яхӀудхойн паччахьо Ӏузи-ЯхӀус а, исраилхойн паччахьо, ЯхӀуашан кӀанта, ЯрбаӀама а паччахьалла дечу хенахь, мохк бегабале, ши шо хьалха дара.
2Ӏамоса иштта элира:
3Иштта боху Везачу Эло: «Дамасакхан бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара ГалӀад-гӀала аьчка гӀирсаца эрина.
4Хьазиал-паччахьан цӀенна тӀе цӀе хоьцур ю Ас, Бен-Хьадидан гӀепаш а ягор ю цу цӀеро.
5Дамасакхан кевнаш а дохор ду Ас, Авайн-тогӀин бахархой а хӀаллакбийр бу, Байт-Ӏедан цӀийнера олаллин гӀаж шен карахь йолуш верг а вуьйр ву. Ткъа арамхойн халкъ Кхир-кӀошта йийсаре дӀагӀур ду», — боху Везачу Эло.
6Иштта боху Везачу Эло: «Ӏази-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дӀабеллера, Эдоман карабахийтархьама.
7Ӏази-гӀалин пенашна тӀе а цӀе хьажор ю Ас. Цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш.
8Ашдод-гӀалин бахархой а хӀаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гӀалахь олаллин гӀаж дӀалаьцнарг а вохор ву Ас. Ӏекхран-гӀалина тӀе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пӀелаштамхойх дисина халкъ а хӀаллакьхир ду», — боху Хьалдолчу Эло.
9Иштта боху Везачу Эло: «Цора-гӀалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре Эдомана дӀабеллера, царна дага ца беара исраилхошца бина вежараллин барт.
10Цора-гӀалин пенашна тӀе а хьажор ю Ас цӀе, цо хӀаллакйийр ю цуьнан гӀепаш».
11Иштта боху Везачу Эло: «Эдоман бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хӀунда аьлча уьш шайн вежаршна, тур а айина, тӀаьхьабевлла лелла. Гергарлонан марзо хер а йина, даим дарбелла лелаш, шайн оьгӀазалла цкъа а ца юьтура цара.
12Теман-гӀалина тӀе а цӀе хьажор ю Ас, цу цӀеро хӀаллакйийр ю Бацар-гӀалин гӀепаш а».
13Иштта боху Везачу Эло: «Ӏамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хӀунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалӀадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.
14Ас цӀе хьажор ю Рабба-гӀалин пенашна тӀе. Цо хӀаллакйийр ю гӀалин гӀепаш: тӀом дӀабоьдучу дийнахь — маьхьаршца, йилбазмох болчу дийнахь — йилбазмехаца.
15Цу гӀалин паччахь а вуьгур ву йийсаре, цуьнца цхьаьна цуьнан лоруш болу нах а буьгур бу», — боху Везачу Эло.