1ЛадогӀа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла:
2«Шу бен магийна дацара Ас лаьтта тӀехь мел долчу тукхамашна юкъара. Цундела Ас жоьпе а озор ду шу, аша мел лелийна зуламаш бахьана долуш».
3Новкъа вер вуй те шиъ, вовшашца барт а ца беш?
4Хьуьнхахь лом угӀуш хуьлий те, шена хьалха ижу ца хилча?
5РечӀанна чу нислур дуй те олхазар, шена чӀогӀа езаш йолу хӀума цу чохь ца хилча?
6Коьман маӀа локхур юй те гӀалахь, адам кхера а ца долуьйтуш?
7Везачу Эло цхьа а хӀума ма ца до, Шен ялхой болчу пайхамаршка Шен къайле дӀа а ца йовзуьйтуш.
8Мила вуьсу, лоьмо гӀигӀ дича, кхера ца луш?
9Ашдод-гӀалин а, Мисар-мехкан а паччахьийн цӀеношкахь Ӏаш болчаьрга дӀакхайкхаде: «Схьагулло Шамран-гӀалин лаьмнаш тӀе, хьовса уьш мел низам доцуш бу, цара мел бечу ницкъе», — алий.
10«Царна ца хаьа нийсонца лела, — боху Везачу Эло. — Ницкъ беш а, талораш деш а гулйо цара шайн хӀусамашкахь йолу хазна».
11Цундела Хьалдолчу Эло иштта боху: «МостагӀа дерриге а лаьттана гонах хир ву! Цо йохор ю хьан чӀагӀо, хьан хӀусамашна талор дийр ду».
12Иштта боху Везачу Эло: «Наггахь Ӏуьно лоьман багара схьайоккху ши ност я лерган кийсак санна, иштта кӀелхьарбаьхна хир бу Шамран-гӀалахь маьнгин йистехь а, Дамасакхехь метта юккъехь а хевшина Ӏаш болу исраилхой.
13Ла а догӀа, Якъубан цӀийне дӀахьедар а де», — боху массо а ницкъийн Дела волчу Хьалдолчу Эло.
14«Исраилхошна церан къинош бахьанехь Айса таӀзар дечу дийнахь Бетал-гӀалахь долу сагӀа доккху кхерчаш дохор ду Ас. СагӀа доккхучу кхерчийн уггар деза дакъош — церан маӀаш
15Ас хӀаллакдийр ду Ӏа доккху а, аьхке йоккху а цӀенош. Пийлан кӀомсаршца кечдина цӀенош а хӀаллакьхир ду. Дуккха а даккхий цӀенош, хӀаллак а хилла, дӀадевр ду», — боху Везачу Эло.