1Декъаза бу Цийон-лома тӀехь гӀайгӀане а боцуш Ӏаш берш, Шамранан ломахь шаьш маьрша хеташ берш, хьалхе йоккхучу халкъан цӀе яххана берш, шайна тӀе Исраилан цӀа тӀедогӀуш болу.
2Даха а гӀой, Хална-гӀалане хьовса, цигара сийлахьчу Хьамат-гӀала дӀагӀо. ПӀелаштамхойн Гати-гӀала охьадисса. Аша боху: «Церан ницкъе хьаьжжина, царах цхьа а ЯхӀудан а, Исраилан а пачхьалкхе ма ца кхочу!» Церан мохк боккха бац шун чул?
3Бала тӀебогӀу де геннахь а хеташ, Ӏазап толар гергадаладо аша.
4Пийлан кӀомсарех бинчу маьнгеш тӀехь Ӏохку шу, дегӀана там лоьху аш кечдинчу меттанашкахь. Дикачу дежийлашкара шайн бежанашна юкъара тоьлла долу кой а, эсий а доу аша.
5Дечиг-пондарийн аьзнашца мукъамаш балабо аша. Шуна хета, шайн а, Даудан санна, эшарийн гӀирсаш лело говзалла ю.
6Кедаш чуьра чагӀар муьйлу аша, уггар а дикачех хьакхарш хьоькху, амма Юсупан цӀенна хин болчу бохамех доьлхуш дац шу!
7Цундела хӀинца шу, йийсархошна хьалха а девлла, йийсаре гӀур ду, чекхдер ду шун тойнаш хӀиттор а, сакъерар а.
8Ша-шех чӀагӀо йо Хьалдолчу Эло, массо а ницкъийн Везачу Дала иштта боху: «Суна ца еза Якъубан куралла, Со ца веша цуьнан исбаьхьачу гӀишлойх, Ас гӀала а, гӀалахь мел дерг а дӀалур ду мостагӀашна».
9Иштта хир ду: нагахь санна цхьана цӀа чохь итт стаг висахь а, уьш массо а хӀаллакьхир ву.
10ТӀаккха церан гергарчо я уьш багош волчо схьаоьцур бу уьш, церан декъий цӀа чуьра арадахархьама. ЦӀа чохь висначуьнга хоттур ду цо: «Кхин цхьа а висний хьоьца?»
11ХӀунда аьлча Везачу Эло, омра а дина, даккхий а, кегий а цӀенош хӀаллакдийр ду, царах аьхгаш а еш.
12Говраш тархашна тӀехула евдда лелий те? Стерчашца хӀордана тӀехь охана далур дуй те? Аша-м нийсонах дӀовш а дина, бакъдолчух стим а бина.
13Шаьш Ладебар-гӀала
14«Ткъа хӀинца, Исраилан цӀа, Ас халкъ дуьхьалдоккхур ду хьуна. Къилбаседера Хьамат-Ӏин долчуьра къилбера Ӏариба-тогӀин хина тӀекхаччалц дӀалохкур ду шу», — боху массо а ницкъийн Везачу Дала.