1Хьалха Дала дукхазза а, тайп-тайпана а дийцина вайн дайшка пайхамаршкахула,
2ткъа кху тӀаьхьарчу деношкахь Шен КӀантехула дийцина Цо вайна. Дерриге а кхочун долу Цуьнан КӀант ву дӀахӀоттийна. Цуьнгахула массо хӀума а кхоьллина.
3КӀант Делан сийлаллин нур а, Делан билггал долу васт а ду. Шен нуьцкъалчу Дашца дерриг а латтадо Цо. Шегахула адамаш къинойх а цӀандина, стигалшкахь Веза Воккхачунна аьтту агӀор охьахиина Иза.
4Цунна тиллина цӀе маликашна тиллинчул лакхара хиллал, царал лакхара ву Иза.
5ХӀунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала:
6Шен дуьххьарлера Доьзалхо дуьнен чу воккхуш, Дала элира:
7Маликех лаьцна Цо аьлла:
8КӀантах лаьцна Цо аьлла:
9
10Кхин а аьлла Дала: «Веза Эла, Ахь юьхьанца латта кхоьллина,
11
12
13Маликех хьаьнга а, маца а аьлла Дала:
14Далла гӀуллакх деш долу синош дац ткъа маликаш, кӀелхьардовлар кхочун долчарна гӀуллакх дан дахкийтина дац ткъа уьш?