1Цундела ваьшна хезначунна къаьсттина чӀогӀа тидам тӀебохуьйтуш хила деза вай, тешарх хера ца довлархьама.
2Нагахь маликашкахула аьлла дош чӀогӀа а хилча, муьлххачу зуламна а, лацадогӀарна а таӀзар деш а хилча,
3таӀзарх муха девр ду вай, оццул сийлахьчу кӀелхьардовларх ца дашахь? И кӀелхьардовлар цкъа хьалха Везачу Эло дӀакхайкхийра, цул тӀаьхьа Иза хезнаболчара иза бакъ хилар вайна чӀагӀдира.
4И дерриге а тамашийначу хиламашца а, билгалонашца а, тайп-тайпанчу ницкъашца а Дала тӀе а чӀагӀдира, Шен лаамца Шен Са дӀаса а даржош.
5Маликийн дола ца даьккхина Дала вай дуьйцуш долу хиндолу дуьне.
6Мелхо а, Делан Йозанашкахь цхьанхьа цхьаммо тоьшалла дина:
7
8
9Амма тхуна гург Ӏийса ву. «Цхьана ханна маликашна хьалха лахвина» вара Иза, ткъа хӀинца, Ӏожалла тӀеэцарна, «сийлаллин таж а делла, вазвина ву Иза». Иза иштта лелла, Дала маьхза дина дика бахьана долуш, дерриге а адамийн дуьхьа кхалхархьама.
10ХӀунда аьлча дерриг а Шен дуьхьа а, дерриг а Шегара а Долчунна товш дара, дукхахберш сийлаллина тӀебоьдучу новкъахула а буьгуш, уьш кӀелхьарбохуш волу Баьчча баланех чекхваккхар.
11Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.
12Цо боху:
13Кхин а боху Цо:
14И бераш дилханах а, даьӀахкех а лаьтташ ма-хиллара, Иза а хилира уьш санна, Шен кхалхарца Ӏожаллина тӀехь ницкъ болу иблис эшорхьама а,
15Ӏожаллех кхоьруш, дерриге а шайн дахарехь лоллехь баьхкинарш паргӀатбахархьама а.
16ХӀунда аьлча, гуш ду-кх, маликашна гӀо ца до Цо, амма ИбрахӀиман тӀаьхьенна гӀо до.
17Цундела дерригенна а тӀехь Шен вежарех тарвала везаш вара Иза, Далла хьалха къинхетаме а, тешаме а динан коьрта да хилархьама. Иштта а хилла, адамийн къиношна гечдайта таро яра Цуьнан.
18Ша, зен а зийна, баланаш хьегна дела, зуьйш болчарна гӀо далур ду Цуьнга.