1Иштта, вежарий, шу Делан долахь дерш а, стигалахь долчун дакъа кхочурш а ду. Цундела Делан Векал а, вайн динан коьрта Да а волу Ӏийса дагахь латтавелаш.
2Ша ДӀахӀоттийначунна тешаме вара Иза, Делан цӀентӀехь Муса тешаме ма-хиллара.
3Ӏийса Мусан чул а боккха ларам болуш хилла, цӀа дийриг ша дечу цӀийнан чул боккха ларам бан хьакъ ма-хиллара.
4ХӀунда аьлча муьлхха а цӀа цхьаммо деш ду, ткъа дерриг а динарг Дела ву.
5Делан дерриге а цӀийнехь тешаме ялхо санна вара Муса. Хинйолчу заман чохь эр долчух тоьшалла дора цо.
6Амма Дала леррина Къобалвинарг Делан цӀентӀехь куьйгалла деш волу тешаме КӀант ву. Ткъа Цуьнан цӀа вай ду, нагахь вай доьналлица а, тешарца а ваьш сатуьйсучунна тӀехь латтахь.
7Цундела, Делан Сино ма-аллара:
8
9
10
11
12Иштта, хьовсалаш, вежарий, шайна юкъахь цхьаннан а мекара а, тешар доцу а дог ма хилийталаш, дийна волчу Делах шаьш дӀа ца къастийтархьама.
13Амма хӀора дийнахь, вовшашна хьехамаш а беш, динехь чӀагӀлолаш, «тахана» ала йиш мел хуьлу, хьарамчу хӀуманах Ӏеха а велла, шух цхьаннан дог юха ца далийта.
14Дала леррина Къобалвинчун декъахой ду вай, нагахь юьхьанца хилла долу шеко йоцуш хилар чекхдовллалц вайца хилахь.
15Делан Йозанашкахь аьлла ду:
16Делан аз хезнехь а, хамталла йинарш муьлш бара? Мусас Мисар-махкара массо а арабаьхначарна юкъахь бацара уьш?
17Хьанна оьгӀазвахана вара Дела шовзткъа шарахь? Къинош а летийна, яьссачу арахь шайн даьӀахкаш охьаехкинчарна ваханерий те Иза оьгӀаз?
18Ла ца доьгӀначарна бен, кхин хьанна дуьхьал аьлла Дала, уьш «синтем лур бу аьллачу метте кхочур бац»?
19Иштта вайна го, шайн цатешар бахьана долуш, Дала лучу синтеме уьш кхочург цахилар.