Ӏебархошка 5:1-14 CHE2012 - Bible AI

1Нахана юкъара хоржуш волу муьлхха а динан коьрта да хӀоттаво адамийн дуьхьа Далла Ӏамал ян а, къинойх тайп-тайпана сагӀанаш даха а.

2Динан коьрта да хӀума ца хуучу а, галбевллачу а нахаца кӀеда хила тарло, хӀунда аьлча иза ша а ву ледарлонийн карахь.

3Цундела нахана а, шена а тӀера даха деза цо сагӀанаш шаьш летийначу къинойх.

4Цхьа а шен лаамца хӀуттур вац динан коьрта да. Дала тӀекхайкхина хила веза иза, АхӀарон санна.

5Иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша тӀе ца эцна динан коьрта да хиларан бакъо. Дала аьлла Цуьнга: «Хьо Сан КӀант ву, тахана Хьан Да хили Сох».

6Делан Йозанийн кхечу меттехь Дала боху: «Гуттаренна а динан да ву Хьо Малки-ЦӀадакъин даржехь».

7Лаьтта тӀехь долчу Шен дахарехь Ӏийсас чӀогӀачу белхарца а, бӀаьрхишца а доӀанаш а, дехарш а дора Ша Ӏожаллех кӀелхьарваккха йиш Йолчуьнга. Далла дӀахезира Цуьнан доӀанаш, хӀунда аьлча Ӏийсан Деле болу ларам боккха бара.

8Ша Делан КӀант хиллехь а, ерриге а лайначу халонашкахула Ӏемина Иза Далла муьтӀахь хила.

9Кхачаме хилла, дӀахӀоттийна вара Иза, гуттаренна а кӀелхьардовларан хьоста хилира Цунах Цунна муьтӀахь болчарна массарна а.

10Малки-ЦӀадакъин даржехь волу динан коьрта да ву аьлла, дӀакхайкхийра Иза Дала.

11Кхунах лаьцна кхин дуккха а дара дийца, амма хала ду шуна иза тида, хӀунда аьлча шу хӀуманах иштта меллаша кхета.

12ХӀинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Ӏамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хӀинца а шура оьшу, чӀогӀачу кхачанан метта.

13ХӀинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хӀунда аьлча иза бер долу дела.

14Делан дош довзарехь кхиъна болчу нахана лерина бу чӀогӀа кхача. Гуттара а шайн кхетамашца а, хьекъалца а лелаш, уьш Ӏемира дика а, вон а къасто.

>