Ӏебархошка 8:1-13 CHE2012 - Bible AI

1Вай дуьйцуш долчунна юкъахь коьртаниг хӀара ду: стигалшкахь Веза Воккхачун гӀантана аьтту агӀор Ӏаш динан коьрта Да ву вайн.

2Адамо дина а доцуш, Везачу Эло динчу Делан бакъдолчу четар чохь динан коьрта Да ву Иза.

3Динан муьлхха а коьрта да тайп-тайпана сагӀанаш даха дезаш ву, цундела вайн динан коьртачу Ден а хила деза сагӀина схьадан хӀума.

4ХӀинца Иза лаьтта тӀехь вехаш хилча, Иза динан да хир вацара, хӀунда аьлча кхузахь болуш бу, товрат-хьехамо ма-бохху, сагӀанаш дохуш болу динан дай.

5Цара Далла деш долу гӀуллакх кхузарчу четар чохь бен ца хуьлу [3]. И четар стигалахь долчун кепах тера бен дац, цуьнан ӀиндагӀ бен дац. Ткъа Мусага аьлла дара, иза Делан четар дан волавелча: «Ларлолахь, хьайна лам тӀехь гайтинчун кепах тера делахь дерриг а».

6Кхечу динан дайшка деллачул а Ӏийсага делла динан гӀуллакх лакхара хиларе терра, Цуьнан юкъарлонца Делаца бина керла барт а ширачу бартал гӀолехь бу, иза тоьллачу чӀагӀонашна тӀехӀоттийна болу дела.

7Нагахь санна хьалха бина барт кхачамбацар доцуш хиллехьара, шолгӀаниг оьшур а бацара.

8Амма, нахана бехк а буьллуш, пайхамаро боху:

8«ТӀекхочуш ду денош, — боху Везачу Эло, — Аса Исраилан цӀийнаца а, ЯхӀудан цӀийнаца а керла барт бен долу.

9Церан дай, куьг а лаьцна, Мисар-махкара арабохучу хенахь, Аса цаьрца бина барт санна хир бац иза. ХӀунда аьлча цара и Сан барт лар ца бира, цундела со дӀавирзина царна тӀера, — боху Везачу Эло.

10Иштта барт бийр бу Аса Исраилан халкъаца, хӀара денош дӀадевлча, — боху Везачу Эло. — Айса тӀедуьллург церан кортош чу дуьллур ду, церан дегнаш тӀехь яздийр ду Аса. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду.

11ХӀораммо а шен уллорачунна а, шен вешина а хьоьхур дац: „Веза Эла вовза“, — бохуш. ХӀунда аьлча массарна а, хьалдолчунна тӀера къечунна тӀекхаччалц, Со вевзар ву.

12Цаьргара даьллачу вочунна Со къинхетаме хир ву, церан къинош кхин дагадоуьйтур дац Аса».

13Цу бартах «керланиг» а аьлла, хьалха хилларг шира хилар гайтина Цо, ткъа ширделларг кестта дӀадолу.

>