1Хьалха бинчу бертан Далла Ӏамалъяран бакъонаш а, лаьтта тӀехь долу Делан цӀа а дара.
2Дина, дӀахӀоттийнера деза четар. Цуьнан хьалхарчу, «еза чоь» олучу декъехь стогар а, даздина баьпкаш тӀехь долу стол а яра.
3ШолгӀачу декъехь кирхьанна тӀехьа «уггар еза чоь» цӀе йолу чоь яра.
4Хаза хьожа йогӀу хӀума яго дашо кхерч а, гонах деши лаьцна бартбаран тӀорказ а дара цу чохь. ТӀорказна чохь кхачанийн буьртигаш чохь долу дашо пхьегӀа а, маргӀалш хецна хилла йолу АхӀаронан Ӏаса а, бартбаран экъанаш а яра.
5ТӀорказна тӀехула тӀемаш а даржийна, къинош дӀадохучу меттехь сийлаллин каруб-маликаш дара лаьтташ. ХӀинца и дерриг а ма-дарра дуьйцийла яц вайн.
6Цу кепара динчу четаран хьалхарчу цӀа чу Далла Ӏамал ян динан дай боьлху гуттар а.
7ШолгӀачу цӀа чу шарахь цкъа динан коьрта да воьду. Цо шеца цӀий дахьа деза чувоьдуш, шена а, халкъо ца хууш летийначу къиношна а тӀера даьккхина долу.
8Цу хӀуманца Делан Сино гойту Делан четар чу боьду некъ схьабиллина цахилар, хьалхара четар лаьтташ мел ду.
9И четар хӀинцалерчу заманан билгало ю: совгӀаташа а, сагӀанаша а Далла Ӏибадат дечун дог цӀандан ца тарло,
10уьш даарш а, маларш а кхехьарца а, дегӀан меженаш тайп-тайпана йиларца а доьзна бен цахиларна. И дерриг а парзаш, Дала массо а хӀума нисдаран зама тӀеяллалц, тӀедиллина дара.
11Дала леррина Къобалвинарг веара, хӀинца хуьлучу диканийн динан коьрта да а волуш. Адамаша дина а доцуш, тоьллачу а, сов кхачаме а долчу четарх чекхвелира Иза (и четар кху дуьненара дац).
12Гезарийн а, эсийн а цӀий доцуш, Шен цӀий а Ӏанийна, цкъа Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргӀатдовлар даьккхина Цо.
13Нагахь эсийн а, гезарийн а цӀийно а, дагийначу шинарин чимо а, шайна уьш тӀетоьхча, товрат-хьехамаша ма-бохху, бехбинарш цӀанбеш хилча,
14цхьа а къа латийна воцучу, гуттар а долуш долчу Синехула Ша Далла цхьа а томмагӀа доцучу сагӀина дӀавеллачу Дала леррина Къобалвинчун цӀийно мел чӀогӀа цӀандийр ду вай Ӏожалла тӀейоуьйтучу гӀуллакхех, дийна волчу Далла лерина вайга Ӏамал яйтархьама.
15Цундела Дала леррина Къобалвинарг Дала нахаца бинчу керлачу бертан Юкъарлонча ву, хьалхара барт бинчу хенахь наха летийна къинош дӀадаха Цо тӀеэцна Ӏожалла бахьана долуш, Дала лур ду аьлла дакъа нахе кхачийтархьама.
16Нагахь весет
17хӀунда аьлча весет стаг веллачул тӀаьхьа бен лелош дац. Иза бакъо йолуш дац, нагахь весет динарг дийна велахь.
18Цундела хьалха бина барт а цӀийца чӀагӀбина бара.
19Товрат-хьехам тӀера парзаш дерриг а халкъана хьалха дӀа а дешна, хица эдина долу эсийн а, гезарийн а цӀий а, цӀен тӀаргӀа а, ярийн курс а, схьа а эцна, товрат-хьехаман тептарна а, халкъана а тӀе цинцаш туьйхира Мусас.
20Цо элира: «Дала кхочушбе аьллачу бертан цӀий ду хӀара».
21Иштта Делан четарна а, Далла Ӏамал ечу хенахь мел лелочу пхьегӀашна а тӀе цӀийн цинцаш туьйхира цо.
22Товрат-хьехаме хьаьжжина, дерриг а ала мегар долуш хӀума цӀийца цӀандеш ду, цӀий ца Ӏанийча, гечдар ца хуьлу.
23Стигалахь долчух тардина кхоьллинарг иштта цӀандан деза. Ткъа стигалахь дерг ша а хӀокхарал а тоьллачу сагӀанашца цӀандан деза.
24ХӀунда аьлча Дала леррина Къобалвинарг билггала долчу уггар а Дезачух тардеш адамийн куьйгаша динчу Делан цӀа чу ца вахана, ткъа стигала хьалаваьлла, хӀинца вайн дуьхьа Далла хьалха хӀотта.
25Дукхазза а Ша сагӀина дӀавала ца ваьлла Иза стигала хьала, хӀора шарахь а шен доцу цӀий а оьций, Делан цӀийнан уггар езачу чоьнна чу воьду динан коьрта да санна.
26Иза иштта хилча, дуьне кхоьлличхьана а дуьйна дукхазза а бала хьега дезар дара Дала леррина Къобалвинчун. Ткъа Иза тӀаьхьарчу заманахь цкъа веана Шех даьккхинчу сагӀанца адамийн къа дӀадаккха.
27ХӀора адамна, цкъа вала а велла, юха кхелана хьалха хӀоттар тӀехь ма-хиллара,
28иштта Дала леррина Къобалвинчо а Ша цкъа сагӀина дӀавелла хилла, дуккха а адамийн къинош Шена тӀеэцархьама. Ткъа Иза шолгӀа, къинош дӀадаха а ца вогӀуш, Шега сатуьйсуш болчеран дуьхьа кӀелхьардахар тӀеэцархьама вогӀур ву.