1Муьлхха а вон, харцдерг, шалхо, хьагӀ, лер дӀадаккха!
2Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цӀеначу дашах хьага, цуьнан гӀоьнца шу даккхий а хилла, шун кӀелхьардовлар чекхдалархьама,
3хӀунда аьлча «Веза Эла мел дика ву шуна хиъна».
4Цунна тӀе дуьйла. Наха дӀатесна болу дийна ТӀулг бу Иза, амма Дала хаьржина а, Цунна гергахь беза а болу.
5Шу шаьш а ду дийна тӀулгаш. Шайх синан цӀа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсагахула Далла лууш долу синан сагӀанаш даха.
6ХӀунда аьлча аьлла ду Делан Йозанашкахь:
7Иштта, Цунах тешачу шуна Иза деза жовхӀар ду, ткъа ца тешачарна:
8Кхин а:
9Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гӀуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама.
10
11Сан хьоменаш, аренца лелаш, дуьнен чу даьхкина хьеший шу долу дела, доьху ас шуьга, синца тӀом бечу дегӀан лаамех ларлолаш.
12Кхечу къаьмнийн нахана юкъахь шайн лелар оьзда хилийталаш, тӀаккха, шу вон нах ду бохуш, дуьйцуш болчара, шун дика гӀуллакхаш а гина, Дела хастор ву Иза веанчу дийнахь.
13Везачу Элан дуьхьа адамна тӀехь урхалла дечу Ӏедална муьтӀахь хилалаш: паччахьна, хӀунда аьлча цуьнгахь лаккхара Ӏедал ду,
14куьйгалхошна, хӀунда аьлча уьш зуламхошна таӀзар дан а, дика гӀуллакх дечарна совгӀат дала хӀиттийна бу.
15ХӀунда аьлча иштта бу Делан лаам: дика гӀуллакх дечара сонта наха дуьйцуш долу эрна хабарш дӀасовцадо.
16ПаргӀат даха, амма цу паргӀатона тӀехьа а лечкъаш, вон гӀуллакхаш ма леладе, хӀунда аьлча шу Делан леш ду.
17Массо а лара, вежарий а беза, Делах а кхера, паччахьан сий а де.
18Леш, шайн элашна хила ма-деззара муьтӀахь хила, шайца дика а, эсала а болчарна хилла ца Ӏаш, шайца буьрса болчарна а.
19Ларам бу стеган, нагахь санна бехк а боцуш таӀзар ловш велахь, Дела вуйла а хууш.
20ХӀун сий хир ду, нагахь шайн бехк буйла а хууш, деш долу таӀзар ловш шу делахь? Амма диканиг а дина, шу хало ловш делахь, иза Далла гергахь деза ду.
21Шу оцу балхана кхайкхина ма ду. Дала леррина Къобалвинарг а, шун дуьхьа баланаш а лайна, Шена тӀаьххье шу дахкийта масала а гайтина ма ву.
22
23
24
25