1Зударий, шу а шайн майранашна муьтӀахь хила. Нагахь цхьаболу майранаш Делан Даше ладугӀуш ца хилахь, шайн дахарх масал а луш, дист а ца хуьлуш, Делах тешарна тӀебалабе уьш,
2шайн цӀена а, Делах кхоьруш а долу дахар а гайтий.
3Гуш долчу хӀуманашца хаздала ма гӀерта: месаш Ӏалашъярца, дашо хӀуманашца, хазачу духаршца.
4Мелхо а, даггара долчу, телхар доцучу, тийначу, эсалчу синан хазаллица кечдала хьовса. Иза Далла гергахь деза ду.
5Хьалхарчу заманчохь иштта хазлора Делан дикане сатуьйсуш болу сийлахь зударий, шайн майранашна муьтӀахь хуьлуш.
6Масала, ИбрахӀиме массо а хӀуманна тӀехь ладугӀуш а, цунах шен эла олуш а яра Сарат. Нагахь шу диканиг а деш, дагахь кхерам хиларна сингаттам а боцуш Ӏаш делахь, шу Цуьнан йоӀарий ду.
7Цу кеппара майранаш а хила беза шайн зударшца дика, уьш гӀорасиза хилар а хууш. Уьш лара, хӀунда аьлча божаршца цхьаьна дахаран совгӀат кхочу цаьрга. ТӀаккха шун доӀанашна дуьхьало еш хӀумма а хир дац.
8Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза.
9Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.
10Делан Йозанашкахь ма-аллара:
11
12
13Хьан дийр ду шуна зен, шу диканиг дан гӀерташ хилча?
14Амма шаьш дина дика хӀума бахьана долуш шу бала хьоьгуш делахь, шу декъалхилла ду. «Уьш кхоьручух шу ма кхера, доха а ма доха!»
15Дала леррина Къобалвинарг шайн дегнашкахь Веза Эла санна хилийта.
16Ларам болуш а, таьӀна а жоп ло. Эхь-бехк долуш хила, тӀаккха шуна тӀехь доцург дуьйцуш волчунна эхь хетар ду, Дала леррина Къобалвинчуьнца доьзна долу шун дахар мел цӀена ду гича.
17Делан лаам белахь, диканиг дар бахьана долуш хало лар гӀолехь ду, вониг а дина ловчул!
18ХӀунда аьлча
19Оцу Синан кепехь набахтехь долчу синошна кхайкхам бан вахара Иза.
20Нохьа-пайхамаро шен кема дечу хенахь, Дела цуьнга собаре хьоьжуш а волуш, Делан лаамера девлла, Цуьнга ла ца доьгӀна синош дара уьш. Дукха синош кӀелхьара ца дехира хи чуьра цу кемана чохь, верриг а бархӀ стаг бен.
21ХӀинца шу кӀелхьардохуш йолу хих чекхдовларан билгало ю иза. Хих чекхдовлар — иза тӀера мода дӀаяккхар дац, амма цӀеначу дагца Деле йина чӀагӀо ю
22Ӏийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агӀор Ӏаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.