1Динан вежарий! Шу долчу веанчу хенахь, Делан къайленах
2хӀунда аьлча со шуьца волчу ханна суна кхин цхьа хӀума а шуна довзийта ца лиънера, Дала леррина къобалвинчу Ӏийсах а, Цуьнан жӀара тӀехь валарх а лаьцнарг доцург.
3Сайн дегӀан эгӀазаллица а, кхерамца а, чӀогӀа вегаварца а Ӏийра со шу долчохь.
4Айса аьлла долу дешнаш а, бина болу хьехам а ца бинера аса адаман хьекъалаллин говзачу дешнашца шу тешорхьама, амма Делан Синан ницкъах долчу тоьшаллашца бинера.
5И хьехам ас бинера, шун Ӏийсах долу тешар адамийн хьекъалаллица доьзна а доцуш, амма Делан ницкъаца доьзна хилийтархьама.
6Тешарна тӀехь кхоччуш кхиъна болчу нахана юкъахь хьекъалаллах лаьцна хьехам бо оха. Амма оха кху дуьненан хьекъалаллах дерг а хьоьхуш дац, я шайн олалла чекхдала герга болчу, кху дуьненахь олалла деш болчеран хьекъалаллах а хьоьхуш дац.
7Ткъа оха дуьйцуш долу хьекъалалла — Делан къайлаха долу хьекъалалла ду. Иза Дала хӀара дуьне кхоллале дуьйна а вайн сийлаллина хьажийна хилла.
8И хьекъалалла кху дуьненахь олалла деш хилла болчех цхьанна а девзина дацара, хӀунда аьлча шайна иза девзина хиллехьара, цара вайн сийлаллин Веза Эла жӀарах дӀатухур вацара.
9Амма Делан Йозанашкахь яздина ма-хиллара:
10Ткъа вайна Дала Шен Синца дӀадиллина иза, хӀунда аьлча Делан Сино дерриг а толлу, ур-атталла Делан кӀоргенаш а.
11Адамех хьанна хаьа, кхечу адамна чохь дерг, цу адамна чохь долчу шен синна бен? Иштта Делан ойланаш а ца евза цхьанна а, Делан Шен Синна бен.
12Вай тӀеэцнарг кху дуьненахь болчийн кхетамехь долу са дац, ткъа Делера схьадолу Са ду, Дала Шегара делларг вайна довзийтархьама.
13Оцу дерригенах а лаьцна, вайн адамийн хьекъало луш долчу дешнашца а доцуш, Делан Сино хьоьхучу дешнашца дуьйцу. Синца доьзначу хӀуманех Синах буьзна берш кхетабо вай
14Шен сих бен дуьзна доцучу адамо Делан Сино луш долу хӀуманаш тӀе ца оьцу, шена уьш сонта хета дела. Иза царах кхетийла а дац, Делан Синан гӀоьнца бен уьш къаста ца ло дела.
15Делан Синца волчунна массо а хӀуманан мах хадо хаьа. Ткъа цу стеган мах хадо цхьана а адаман йиш яц.
16ХӀунда аьлча Делан Йозанашкахь яздина ма ду: