1ЦӀушна сагӀина еана йолчу яа хӀуманах лаьцна аша соьга яздинчух ала лаьара суна. Хууш ду-кх, олуш ма-ду: «Вайн массеран а кхетам бу». Амма кхетам хиларо адам курадоккху, ткъа безамо иза синца чӀагӀдо.
2Нагахь цхьанна шена цхьа хӀума девза моттахь а, цунна хӀинца а довза ма-деззара хӀумма а ца девза.
3Ткъа цхьанна Дела везаш велахь, иза Далла вевзина.
4Цу тайпана цӀушна сагӀина еанчу юучу хӀуманах лаьцна хууш ду-кх, кху дуьненахь цӀу хӀумма а воцург вуйла а, иштта, цхьа Дела воцург, кхин Дела воцийла а.
5Лаьттахь я стигалахь бехаш «деланаш» хуьлу олу. И «деланаш» а, «беза элий» а дукха белахь а,
6вайна иштта ду:
7Делахь а цу бакъдолчух берриш а ца кхета. ЦӀушна Ӏамал яран Ӏадат цхьаболчарна хӀинца а чулацам болуш хета. ЦӀушна сагӀина еана йолу юург а юуш, цара иза деланашна къобалйина йолуш санна лору, цундела церан кӀеда дегнаш Далла хьалха бехло.
8Юучу хӀумано вай Далла улло ца даладо. Юург цаяарца вай хӀумма а ца дойу, ткъа иза йиъча а, вайна гӀоле а ца хуьлу.
9Делахь а шу ларлолаш, тешарехь чӀагӀделла доцурш, шаьш паргӀато лелочу хӀуманна тӀехь, Ӏеха а делла, къинош летадарх.
10ХӀунда аьлча нагахь оцу кӀеда дог долчунна, хьайн оццул «кхетам» боллушехь, ахьа а цӀушна Ӏамал ечу цӀа чохь юург юуш гича, тӀаккха, ша а яа мегар ду аьлла, хетар дуй те цунна и цӀушна сагӀина еана йолу юург?
11ТӀаккха хьан «кхетам» бахьана долуш, шен дуьхьа Дала леррина Къобалвинарг велла волу, и кӀеда дог долуш волу хьан динан ваша хӀаллакьхир ву.
12Шайн динан вежаршна дуьхьал цу тайпана долу къа латадарца, церан кӀедачу дегнашна чов а еш, аша Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал къа латадо.
13Цундела айса оцу юучуьнца сайн динан веше къа латадойтуш делахь, аса цкъа а дуур дац иштта долу жижиг, сайн веше къа ца латадайта.