1Иштта, уггар хьалха ас доьху хьоьга Деле доӀанаш дар а, дехарш дар а, кхайкхамаш бар а, Далла хастамаш бар а массо а адамашна а,
2паччахьашна а, массо а олалла дечарна а тӀера. Иштта доӀанаш де, вай ваьш мел хилало суьпа а, оьзда а хуьлуш, иштта тийна а, маьрша а дахар хилийтархьама.
3ХӀунда аьлча вайн КӀелхьардохург волчу Далла хьалха иза дика а, Цунна тамехь дерг а ду.
4Цунна лаьа массо а адамаш кӀелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а.
5Дела цхьаъ бен вац, иштта Далла а, адамашна а юкъахь юкъарло лелош Верг а цхьаъ бен вац. И Стаг Дала леррина Къобалвина волу Ӏийса ву.
6Массо а адамийн къинойх мах а луш, Шен са дӀаделлера Цо. Иштта ду шен заманчохь Делан безамах лаьцна дина долу и тоьшалла.
7Кхечу къаьмнашна Ӏийсах долчу тоьшаллина векал а, хаза кхаъ кхайкхорхо а вина сох. Царна бакъдолчу тешарх лаьцна хьеха дӀахӀоттийна со. Билггал бакъдерг боху ас, аьшпаш а ца бутту ас.
8Цундела суна лаьа муьлххачу меттехь а доӀанаш божарша дойла. Хьалаайинчу куьйгашца доӀа деш болу уьш цӀена а, Далла тешаме а оьгӀазе а боцуш, къийсамаш ца беш а хила беза.
9Иштта зударий а доӀа дечу хенахь хила беза оьзда духар дуьйхина а, эхь хеташ а, оьзда а. Уьш месаш хаза кечъярца, деших я жовхӀарех йина хӀуманашца, я беза мах болу духаршца хазбала ца беза.
10Амма уьш шайн дикачу гӀуллакхашца хаза хила беза, Дела лоручу зударшца иза догӀуш ма-хиллара.
11Зуда Ӏемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтӀахь а хила еза.
12Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тӀехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза.
13ХӀунда аьлча Дала хьалха кхоьллинарг Адам вара, тӀаккха Хьава яра.
14Ӏехавелларг а Адам вацара, ткъа зудчо, Ӏеха а елла, зулам динера.
15Нагахь санна кхидӀа а Делах а тешаш, адамаш а дезаш, цӀена а, оьзда а и хилахь, бер дарца кӀелхьаръер ю иза.