1 Шерашкахь 1:1-54 CHE2012 - Bible AI

1Адамах схьабевлла: ШатӀа, Энош,

2Къаим, Махьаллал, Ярад,

3ХӀанох, Матушалахь, ЛемакӀ,

4Нохьа. Ткъа Нохьин кӀентий бара: Шима, Хьама, Япат.

5Япатан кӀентий бара: Гомар, МагӀогӀ, Мадай, Яван, Тубал, Машах, Тирас.

6Гомаран кӀентий бара: Ашкиназ, РипӀат [1], ТогӀарма.

7Яванан кӀентий бара: Элша, Таршаш, Хитам, Роданам.

8Хьамин кӀентий бара: Хуша, Мисар, ПӀатӀа, КанаӀан.

9Хушин кӀентий бара: Себа, Хьавил, СабтӀа, РуӀман, Сабтехьа. РуӀманан кӀентий бара: Шеба, Даддан.

10Ткъа Хушин вара Намрад цӀе йолуш кӀант, иза чӀогӀа ницкъ болуш кӀант вара.

11Мисарх схьабевлла: лудамхой, Ӏанамхой, лахӀабхой, наптухьхой,

12патӀрусхой, шайх пӀелаштамхой схьабевлла болу каслахӀамхой, каптӀархой.

13КанаӀанан кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера доьзалхо волу ЦӀадан, цул тӀаьхьа хилла волу Хьета.

14Иштта КанаӀанах схьабевлла: явсайхой, эмархой, гӀиргӀашахой,

15хьаьвихой, Ӏаьркхахой, синахой,

16арвадихой, цӀемархой, хьаматхой.

17Шимин кӀентий бара: Ӏейлам, Ашур, Арпахшад, Луда, Арам. Араман кӀентий бара: ӀуцӀа, Хьула, ГӀетӀар, Машах.

18Арпахшадан кӀант вара Селахь, ткъа Селахьан кӀант вара Ӏебар.

19Ӏебаран ши кӀант вара: цхьана кӀентан цӀе ПалагӀ [2] яра, хӀунда аьлча иза вехачу хенахь лаьтта тӀехь адам декъадалар а, дӀасадаржар а хилира. ПалагӀан вешин цӀе Якхтан яра.

20Якхтанан кӀентий бара: Алмадад, ШалапӀ, Хьацармават, Ярахь,

21ХӀайдарам, Узал, Дикхалла,

22Ӏейбал, Абумаил, Шеба,

23Апар, Хьавил, Ябаб. Уьш берриш а Якхтанан кӀентий бара.

24Ткъа Шимин кӀентий хилла: Арпахшад, Селахь,

25Ӏебар, ПалагӀ, Рахьу,

26СерагӀ, Нахьир, ТӀахьир,

27Ибрам, цуьнан кхин цӀе ИбрахӀим ю.

28ИбрахӀиман кӀентий бара: Исхьакх а, ИсмаьӀал а.

29Церан тӀаьхье иштта яра: ИсмаьӀалан дуьххьарлера кӀант вара Набуяти, цул тӀаьхьа хилира Къедар, Адбаал, Мибасам,

30МишмаӀ, Дума, Маси, Хьадид, Тейма,

31Етар, Напуши, Къедима. Уьш бара ИсмаьӀалан кӀентий.

32ИбрахӀиман гӀарбаш-зудчо Къитурата бина кӀентий бара: Зимран, Якхешан, Медан, Мадани, Ишбакх, Шуахь. Якхешанан кӀентий бара: Шеба, Даддан.

33Маданин кӀентий бара: Ӏейпа, Ӏайпар, Хьанах, АвидаӀ, ЭлдаӀа. Уьш берриш а Къитуратан кӀентий бара.

34ИбрахӀиман кӀант волчу Исхьакхан кӀентий бара: Ӏесав, Исраил.

35Ӏесаван кӀентий бара: Элипаз, РаӀал, ЕӀуш, ЯӀлам, Кхорахь.

36Элипазан кӀентий бара: Теман, Омар, Цепа, ГаӀтам, Кхеназ. Ткъа ТамнаӀа цунна Ӏамалекх винера.

37РаӀалан кӀентий бара: Нахьати, Зерахь, Шама, Миза.

38СеӀиран кӀентий бара: Лутани, Шубали, ЦӀибӀон, Ӏана, Дишон, Эцар, Дишан.

39Лутанин кӀентий бара: Хьори, ХӀейма. ТамнаӀ Лутанин йиша яра.

40Шубалин кӀентий бара: Ӏалиян, Манахьат, Ӏейбал, Шапи, Онам. ЦӀибӀонан кӀентий бара: АяхӀу, Ӏана.

41Ӏанин кӀант вара: Дишон. Дишонан кӀентий бара: Хьамран, Эшбан, Итран, Керан.

42Эцаран кӀентий бара: БилхӀан, ЗаӀван, ЯӀакхан. Дишанан кӀентий бара: ӀуцӀа, Арани.

43Исраилан махкахь паччахьаш хилале, Эдомехь хӀара паччахьаш хиллера: БеӀаран кӀант БулаӀ. Цуьнан гӀалин цӀе ДинхӀаба яра.

44БулаӀ велча, цуьнан метта паччахь хилира Бацар-гӀаларчу Зерахьан кӀант Ябаб.

45Ябаб велча, цуьнан метта паччахь хилира теманхойн махкара Хьушам.

46Хьушам велча, цуьнан метта паччахь хилира Бедадан кӀант ХӀадад. Муаби-махкахь маданхошна тӀехь толам баьккхинера цо. Цуьнан гӀалин цӀе Ӏавит яра.

47ХӀадад велча, цуьнан метта паччахь хилира Масрекха-гӀалара Самла.

48Самла велча, цуьнан метта паччахь хилира хин йистехь йолчу Рехьабат-гӀалара Шаул.

49Шаул велча, цуьнан метта паччахь хилира Ӏахбаран кӀант БаӀал-Хьанан.

50БаӀал-Хьанан велча, цуьнан метта паччахь хилира ХӀадад. Цуьнан гӀалин цӀе ПаӀу яра. ХӀададан зудчун цӀе яра Ма-ХӀайтӀабал. Иза МезахӀабан йоӀан Матарадан йоӀ яра.

51ХӀадад а велла. Эдом-махкахь хӀара баьччанаш а хилла: ТамнаӀ, Ӏаьлви, Етат,

52АхӀлибам, Эла, Пинан,

53Кхеназ, Теман, Мубацар,

54Магдаал, Ӏирам. Уьш эдомхойн баьччанаш хилла.

e>