1Дауд Къушин кӀантах Шаулах къайлаваьлла лелачу хенахь, Даудаца цхьаьнакхетта ЦакхелагӀ-гӀала баьхкинарш хӀорш бу (тӀамехь Даудана гӀо деш болчу турпалхошна юкъахь бара уьш,
2Бен-Яманан тӀаьхьенах а болуш, карахь секхаӀедаш а долуш, аьтту я аьрру куьйга ширдолаг лелош я пхерчий кхуьссуш болу Шаулан гергарнаш бара уьш):
3
4
5
6
7
8Гадахойх цхьаберш Даудехьа бевлира, яьссачу аренгахь йолчу цуьнан чӀагӀоне а баьхкина. Уьш бара майра турпалхой, тӀом бан кийча болу тӀемалой, карахь турсашший, гоьмукъашший а долуш. Церан, лоьмийн санна, яххьаш яра. Уьш, ламанан лунаш санна, чехка а бара.
9Царах коьртаниг — Эзар, шолгӀаниг — Ӏабди-ЯхӀу, кхозлагӀниг — Элиаб,
10воьалгӀаниг — Мишмана, пхоьалгӀаниг — Ярми-ЯхӀу,
11йолхалгӀаниг — Атай, ворхӀалгӀаниг — Элиал,
12борхӀалгӀаниг — Йохьанан, уьссалгӀаниг Эли-Забда,
13уьтталгӀаниг — Ярми-ЯхӀу, цхьайтталгӀаниг — Махбанай вара.
14Гадахойх болу уьш тӀеман хьаькамаш бара: лахарниг — бӀе тӀемалочунна тӀехь, ткъа лакхарниг — эзарна тӀехь.
15Уьш бара Йордан-хи дистина догӀуш хиллачу дуьххьарлерчу баттахь, хих чекх а бевлла, цу тогӀи чохь бехаш хилла болу, массо а нах малхбалехьа а, малхбузехьа а дӀалелхийнарш.
16Иштта, Даудан чӀагӀонна тӀе баьхкира Бен-Яманан а, ЯхӀудан а тӀаьхьенах болу нах.
17Дауда, царна дуьхьал ара а ваьлла, элира: «Нагахь санна шу, суна гӀо дан а лууш, со волчу машарца даьхкинехь, хуьлийла сан шуьца деган цхьаалла. Амма, нагахь санна, суна ямартло а йина, сан мостагӀийн кара со дӀавала шу даьхкинехь, сан куьйгаш къинойх цӀена делахь а, вайн дайн Дала, шуна дагадеанарг а гина, дан дезарг Ша дойла шуна».
18Ткъе итт тӀемалочунна тӀехь хьаькам волчу Ӏамсайна тӀе Делан Са доьссира. ТӀаккха цо элира:
19Маннашан тайпанах болу цхьаболу нах Даудехьа бевлира, Дауд пӀелаштамхошца цхьаьна Шаулна дуьхьал тӀом бан воьдучу хенахь. (Амма Дауда пӀелаштамхошна гӀо ца дина, хӀунда аьлча пӀелаштамхойн куьйгалхоша, вовшашна юкъахь барт а бина, дӀавахийтина хилла иза, ишттачу дешнашца: «Вайн нах а байина, иза шен паччахь волчу Шаулехьа вер ву».)
20Дауд ЦакхелагӀе юхавоьрзучу хенахь цуьнгахьа бевлла маннашхой хӀорш бара: Аднахь, Юзабди, ЕдиӀаал, Микаал, Юзабди, ЭлихӀу, Цилтай. Уьш маннашхойн эзарна тӀехь болу хьаькамаш бара.
21Цара талорхойн тобанашна дуьхьал латта гӀо дора Даудана, хӀунда аьлча уьш берриш а доьналла долу хьаькамаш бара эскарехь.
22ХӀора дийнахь Даудана гӀо дан нах тӀеэхарна, Делан эскаре кхоччуш, чӀогӀа алсамделира цуьнан эскар.
23Везачу Эло аьлла ма-хиллара, Шаулан пачхьалкх Даудан кара дӀаялархьама Дауд волчу Хьевроне баьхкинчу тӀемалойн тобанийн барамаш иштта бу:
24ЯхӀудан тӀаьхьенах, карахь турс а, гоьмукъ а болуш волу, тӀамана кийча волу ялх эзар бархӀ бӀе стаг (6800);
25ШимӀин тӀаьхьенах доьналла долуш волу ворхӀ эзар цхьа бӀе тӀемало (7100);
26Левихойн тӀаьхьенах — виъ эзар ялх бӀе стаг (4600);
27
28
29Бен-Яманан тӀаьхьенах волу а, Шаулан гергарчу нахах волу а кхо эзар (3000) стаг (царах дукхахберш хӀетталц Шаулан цӀенна тешаме биснера);
30Эпрайман тӀаьхьенах волу, шайн тукхамашкахь цӀе яххана волу, доьналла долуш волу ткъа эзар бархӀ бӀе стаг (20800);
31Маннашан ахтайпанах берхӀитта эзар (18000) стаг (уьш хӀорра а леррина схьакъастийнера, Даудаца дӀа а бахана, иза паччахь дӀахӀоттавайтархьама);
32Иссарханан тӀаьхьенах волу ши бӀе баьчча а, царна муьтӀахь болу массо а гергара нах а (уьш заманах кхеташ а, Исраилан халкъо дан дезарг хууш а нах бара);
33Забулан тайпанах схьакъастийна волу, массо а тайпана герз карахь а лелош, тӀамана кийча волу а, Даудана гӀо дарна тӀехь цхьа барт болу а шовзткъе итт эзар стаг (50000);
34Напталан тайпанах волу эзар хьаькам а, цаьрца цхьаьна карахь турсаш а, гоьмукъаш а долу ткъе вуьрхӀитта эзар тӀемало а (37000);
35Данан тайпанах тӀамана кийча волу ткъе бархӀ эзар ялх бӀе стаг (28600);
36Ашаран тӀаьхьенах тӀамана кийча волу шовзткъа эзар тӀемало (40000);
37Йордан-хина дехьа агӀор долчу раабанхойн а, гадахойн а тайпанех а, Маннашан ахтайпанах а волу массо а тайпана герз карахь долу цхьа бӀе ткъа эзар стаг (120000).
38ТӀамана кечвина волу массо а тӀемало доггах веара Хьеврон-гӀала, Дауд дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахь дӀахӀотторхьама. Кхиболу массо а исраилхой а цхьа барт болуш бара Дауд паччахь дӀахӀотторна тӀехь.
39Дауд волчохь юуш-молуш кхо де даьккхинера цара, хӀунда аьлча церан гергарчу наха массо а тайпана юург-мерг кечйинера царна.
40Церан уллора болчу а, ур-атталла генахь болчу иссарханхойн а, забулхойн а, напталхойн а тайпанех болчу наха а варраш тӀехь, эмкалш тӀехь, бӀарзанаш тӀехь, стерчаш тӀехь иштта кхача беара: дама, инжираш, кишмаш, чагӀар, зайтдаьтта, дуккха а жа, даьхни, хӀунда аьлча Исраилан халкъана хазахетар хиллера.