1 Шерашкахь 13:1-14 CHE2012 - Bible AI

1Массо а баьччанех — эзарна тӀехь болчу хьаькамех а, бӀенна тӀехь болчу хьаькамех а — дагавелира Дауд.

2Исраилхойн массо а гуламе Дауда элира: «Нагахь шуна иза дика а хетахь, нагахь иза вайн Везачу Делан лаамехь а делахь, Исраилан махкарчу массо а меттера кхиболчу вайн гергарчарна а, шайн дежийлашна уллохь йолчу гӀаланашкахь болчу динан дайшна а, левихошна а тӀе нах бохуьйтур бу вай, халкъ схьагулде аьлла.

3Вай вешан Делан тӀорказ схьадахьар ду, хӀунда аьлча Шаулан заманчохь вай цуьнгахула Делах дага ца довлура».

4Массо а гуламо элира: «Хуьлийла иза иштта!» ХӀунда аьлча массо а халкъана и гӀуллакх нийса хийтира.

5Иштта Дауда схьагулбира массо а исраилхой, Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тӀера къилбаседехьа йолчу Хьамат-Ӏинна тӀе кхаччалц, Кхиръят-ЯӀаримера Делан тӀорказ схьадархьама.

6Дауд а, цуьнца долу дерриг а Исраилан халкъ а ЯхӀуд-махкарчу БаӀала-гӀала (и ю Кхиръят-ЯӀарим-гӀала) дахара, Делан тӀорказ цигара схьадан. (Цу тӀорказца йоьзна ю Везачу Элан цӀе. ТӀорказан негӀар тӀехь дина дӀахӀоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тӀехула ю Везачу Элан меттиг.)

7Иштта Делан тӀорказ, керлачу ворданна тӀе а диллина, Абинадабан цӀера дӀадаьхьира. Ӏузий, Ахьъюй и ворда лелош вара.

8Ткъа Дауда а, массо а исраилхоша а Далла хьалха, шайн ницкъ мел бу эшарш а лоькхуш, тайп-тайпанчу дечиг-пондаршца а, жиргӀанашца а, негӀарш вовшахдеттарца а, турбанашца а мукъам балабора.

9Уьш Кидунан хьаьтта дӀакхаьчча, Ӏузас, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалецира, стерчаша иза агӀордаьккхина дела.

10Амма Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахара Ӏузина. Везачу Эло Ӏуза вийра, цо, куьг дӀа а кховдийна, Делан тӀорказ схьалацарна. Иза циггахь Далла хьалха велира.

11ТӀаккха Дауд чӀогӀа оьгӀазвахара, Везачу Эло Ӏузина тохар бахьана долуш. И меттиг хӀинца а «Парас Ӏуза» олуш ю (иза «Ӏузина тохар» бохург ду).

12Цу дийнахь Дауд кхеравелира Делах. Дауда элира: «Со волчу муха дӀахьур ду аса Делан тӀорказ?»

13Иштта, и тӀорказ ша волчу, Даудан гӀала, дӀа ца даьхьира Дауда. Цо иза гатихо волчу Ӏабади-Эдоман цӀа дӀадаьхьира.

14Кхаа баттахь лаьттира Делан тӀорказ Ӏабади-Эдоман цӀахь. Ӏабади-Эдоман цӀа а, цуьнан мел йолу хӀума а Везачу Эло декъалйира.

le>