1«Даудан гӀалахь» шена цӀенош дайтира Дауда. ТӀаккха цо, Делан тӀорказ дӀахӀотто меттиг кеч а йина, цунна лерина четар дӀахӀоттийра.
2Цул тӀаьхьа Дауда элира: «Левихой боцучу кхечара цхьаммо а лелор дац Делан тӀорказ, хӀунда аьлча Везачу Эло уьш хаьржина Шен тӀорказ лело а, цаьрга абаденналц Шена гӀуллакх дайта а».
3Везачу Элан тӀорказ ша кечйинчу метте дӀадахьийтархьама, берриг а исраилхой Ярушалайме схьагулбира Дауда.
4АхӀаронан тӀаьхье а, левихой а шена тӀекхайкхира цо. Уьш хӀорш бара:
5кхахӀатхойн тӀаьхьенан баьчча волу Уриал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъа стаг а (120);
6мерарихойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏаси-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе ткъа стаг а (220);
7гӀиршанхойн тӀаьхьенах баьчча хилла волу Юал а, цуьнца царах волу цхьа бӀе ткъе итт стаг а (130);
8эли-цапанхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу ШамӀа-ЯхӀу а, цуьнца царах волу ши бӀе стаг а (200);
9хьевронхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Элиал а, цуьнца царах везткъа стаг а (80);
10Ӏузиалхойн тӀаьхьенан баьчча хилла волу Ӏамминадаб а, цуьнца царах цхьа бӀе шийтта стаг а (112).
11Иштта Дауда шена тӀе кхайкхира динан дай ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀари а, ткъа левихойх — Уриал, Ӏаси-ЯхӀу, Юал, ШамӀа-ЯхӀу, Элиал, Ӏамминадаб.
12Дауда цаьрга элира: «Шу левихойн доьзалийн баьччанаш ду. Шу шаьш а, шун вежарий а Далла хьалха цӀан а ло, аша Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьа а да. Аса дӀахӀотто кечйинчу метте дӀахӀоттаде иза.
13Левихой долчу аша дуьххьара Делан тӀорказ шаьш ца лелийна дела, вайн Веза Дела чӀогӀа оьгӀазвахара. И гӀуллакх муха дан деза аьлла, вай дага ма ца девллера Цунах».
14ТӀаккха Исраилан халкъан Везачу Делан тӀорказ схьадархьама, динан дай а, левихой а Далла хьалха цӀанбелира.
15Везачу Эло Мусагахула тӀе-ма-диллара, левихоша Делан тӀорказ шайн белшашна тӀедехкинчу хьокхашца дӀадаьхьира.
16Дауда левихойн баьччанашка омра дира, левихойн тайпанах илланчаш дӀахӀиттабе аьлла, мукъам балочу гӀирсашца — мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а, вовшахдеттачу негӀаршца а — иштта айдинчу озаца а цаьрга иллеш алийтархьама.
17Левихоша дӀахӀоттийра Юалан кӀант ХӀайман а, цуьнан гергарчарах волчу Берех-ЯхӀун кӀант Асайп а. Ткъа мерарихойн тукхамах — Кхуша-ЯхӀун кӀант волу Этан дӀахӀоттийра.
18Иштта церан кхиболу гергарнаш а дӀахӀиттийра: Закри-ЯхӀу, Бени, ЯӀзиал, Шамирамути, Яхьиал, Ӏуни, Элиаб, БенъяхӀу, МаӀсей-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу, Эли-ПалехӀу, Макхни-ЯхӀу, Ӏабади-Эдом, ЯӀиал. Уьш кевнехь гӀаролхой бара.
19ХӀаймана а, Асайпа а, Этана а цӀестан негӀаршца чӀоггӀа мукъам бало дезара.
20Ткъа Закри-ЯхӀус, Ӏазиала, Шамирамутис, Яхьиала, Ӏунис, Элиаба, МаӀсей-ЯхӀус, БенъяхӀус лекхачу озаца мерз-пондарш лакха дезара.
21Иштта, лохачу озаца а локхуш, дечиг-пондаршца мукъам бало безара Маттит-ЯхӀус, Эли-ПалехӀус, Макхни-ЯхӀус, Ӏабади-Эдома, ЯӀиала, Азаз-ЯхӀус.
22ТӀаккха левихойн баьчча волу Ханан-ЯхӀу, цуьнан корматалла йолу дела, илланчашна тӀехь куьйгалхо дӀахӀоттийра.
23Берех-ЯхӀу а, Элкхан а бара бертан тӀорказ дӀахӀоттийначу цӀа чохь неӀарехь гӀарол деш.
24Динан дайша Шабан-ЯхӀус, Яшпатис, Натунаила, Ӏамсайс, Закри-ЯхӀус, БенъяхӀус, ЭлиӀазара Делан тӀорказна хьалха турбанаш локхура. Ткъа Ӏабади-Эдом а, Яхьи-ЯхӀу а тӀорказ долчохь гӀарол деш вара.
25Иштта, Дауд а, исраилхойн къаной а, тӀеман коьрта хьаькамаш а баккхийберца бахара Ӏабади-Эдоман цӀа чуьра Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀадахьа.
26Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ дӀахьош болчу левихошна Дала гӀо дарна, ворхӀ сту а, ворхӀ ка а сагӀина бейтира.
27Даудана тӀехь а, иштта тӀорказ дӀахьош болчу массо а левихошна а, илланчашна а, илланчийн куьйгалхочунна Ханан-ЯхӀуна а тӀехь дуткъачу кӀадих йина бедарш яра. Ткъа Дауда тӀекхоьллина кхин втанан ийпад а яра.
28Мерзпондаршца а, дечиг-пондаршца а мукъамаш а далош, маӀаш а, турбанаш а, цӀестан пондарш а лоькхуш, баккхийберца маьхьарий а детташ, Исраилан дерриг а халкъо Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ гӀали чу доккхура.
29Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ Даудан гӀали чу доккхучу хенахь, Шаулан йоӀ Михула корах арахьоьжуш яра. Ирх а лелхаш, воккхаверца хелхавуьйлуш волу Дауд-паччахь шена гича, шен даг чохь иза цунах ца ешира.