1Цул тӀаьхьа Дауда, пӀелаштамхошна тӀехь толам а баьккхина, уьш муьтӀахь бира. Иштта, Гати-гӀала а, цунна гонах йолу меттигаш а цо пӀелаштамхойн карара схьаехира.
2Иштта, муабахой а эшийра Дауда, ткъа уьш Даудан лай хилла дӀахӀиттира, кхунна ял а луш.
3Цоба-мехкан паччахь волу ХӀадад-Ӏезар Эпрат-хина йистехула Ӏохкуш долчу латтанаш тӀехь шен паччахьалла дӀахӀотто воьдучу хенахь, Хьамат-гӀалахь Дауда эшийра.
4Цуьнгара цхьа эзар гӀудалкх а, ворхӀ эзар бере а, ткъа эзар гӀашло а схьаваьккхира цо. Шен гӀудалкхашна хьалха дӀайожа бӀе говр бен ца юьтуш, массо а говрийн когийн хьорзамаш хедийра цо.
5Цоба-мехкан паччахь волчу ХӀадад-Ӏезарна гӀоьнна Дамасакхера арамхой баьхкира, амма Дауда ткъе шиъ эзар арамхо хӀаллаквира.
6Дауда арамхой Ӏаш болчу Дамасакхехь шен эскаран цхьайолу тобанаш дӀахӀиттийра. Иштта, арамхой а Даудан лай хилла дӀахӀиттира, цунна ял а луш. Везачу Эло араволучу массо а меттера толамца цӀа воьрзуьйтура Дауд.
7ХӀадад-Ӏезаран баьччанех дисина долу дашо турсаш схьа а эцна, Ярушалайме схьадеара Дауда.
8ХӀадад-Ӏезаран олаллехь хиллачу ТӀивхьат-гӀалара а, Кун-гӀалара а цо дукха ез схьадаьккхира. (ТӀаьхьо цунах Сулим-паччахьо боккха цӀестан яй а, бӀогӀамаш а, пхьегӀаш а Делан цӀенна яйтира.)
9Хьамат-гӀалахь паччахь волчу ТоӀина хезира, цобахойн паччахьан ХӀадад-Ӏезаран эскар Дауда эшийна аьлла.
10ТӀаккха ТоӀас шен кӀант ХӀайдарам вахийтира Даудан сий дан а, цунна ХӀадад-Ӏезар эшаварна баркалла ала а, ХӀадад-Ӏезар шеца кест-кеста тӀом беш схьавеана дела. Ша Дауд волчу вогӀуш, ХӀайдарама дашо а, дато а, цӀестан а пхьегӀаш еара.
11Уьш а Дауд-паччахьо Везачу Элана лерина дечу гӀуллакхна йитира, ша эшийначу къаьмнашкара — эдомхошкара а, муабахошкара а, Ӏамминхошкара а, пӀелаштамхошкара а, Ӏамалекхахошкара а — схьа мел даьккхина долу дети а, деши а санна.
12Дуьра тогӀи олучу меттигехь Царуятан кӀанта Абушайс берхӀитта эзар эдомхо эшийра.
13Дауда Эдомехь шен эскаран тобанаш дӀахӀиттийра, ткъа массо а эдомхо цуьнан лай хилла дӀахӀоьттира. Везачу Эло Дауд араволучу массо а меттигера толамца цӀа воьрзуьйтура иза.
14Дерриг а Исраилан халкъана тӀехь паччахьалла а деш, шен халкъаца бакъо а, нийсо а лелош вара Дауд.
15Царуятан кӀант Йоаб цуьнан эскаран хьаькам вара, ткъа Ахьлудан кӀант ЯхӀушапти пачхьалкхан гӀуллакхаш дӀаяздеш верг вара.
16Ахьтубин кӀант ЦӀадукъа а, Абу-ЯтӀарин кӀант Ахьи-Малик а динан дай бара, ткъа Шавша йозанчин болх беш вара.
17ЯхӀу-ЯдаӀан кӀант БенъяхӀу кератхошний, палетхошний