1 Шерашкахь 20:1-8 CHE2012 - Bible AI

1Цхьа шо даьлча, паччахьаш тӀамана арабовлучу хенахь, Йоаба эскар арадаьккхира. Ӏамминхойн мохк боха а бина, схьа а веана, Рабба-гӀалина го бира цо. Ткъа Дауд Ярушалаймехь сецира. Йоаба Рабба-гӀала, схьа а яьккхина, йохийра.

2Дауда церан паччахьан коьртара [18] деших дина, дезачу жовхӀарех кхелина долу таж схьаийцира. И таж дешин шина пуьнтах динера. Иза Даудан коьрта тӀе диллира. Цо дуккха а хӀонс араяьккхира цу гӀалара.

3Рабба-гӀалахь мел болу бахархой ара а баьхна, уьш херхашца, аьчка отургашца, дагаршца болх бан дӀахӀиттийра цо. Дауда массо а Ӏамминхойн гӀаланашкахь цу тайпана белхаш дӀаболийра. Цул тӀаьхьа Дауд а, дерриг а цуьнан эскар а Ярушалайме юхадирзира.

4Цул тӀаьхьа ГӀазар-гӀалахь пӀелаштамхошца тӀом дӀаболабелира. Цигахь хьушатхо волчу Субахис турпалш болчу репахойн тӀаьхьенах волу Сипай вийра. ТӀаккха уьш муьтӀахь хилира исраилхошна.

5ТӀаьхьо кхин а цхьа тӀом хилира пӀелаштамхошца. Цигахь ЯӀиран кӀанта Элхьанана гатихо волчу ГӀолиатан ваша Лахьми вийра. Цуьнан гоьмукъа тӀера гӀаж кӀадидархочо болх бечу хенахь лелош йолу еха гӀаж санна яра.

6Гати-гӀалахь кхин а хилира тӀом. Цигахь цхьа инзаре лекха стаг вара. Цуьнан куьйгийн а, когийн а ялх-ялх пӀелг бара. Уьш берриш а ткъе биъ пӀелг бара. И стаг а турпалш болчу репахойх схьаваьлла вара.

7Иза, исраилхойх лаьцна вон бага етташ, луьйш вара. И репахо Даудан вешин ШимӀин кӀанта ЯхӀунатас вийра.

8И кхо стаг Гати-гӀаларчу турпалш болчу репахойн гаранах схьаваьлла вара. Уьш Даудан а, цуьнан эскархойн а карах белира.

e>