1 Шерашкахь 22:1-19 CHE2012 - Bible AI

1ТӀаккха Дауда элира: «Кхузахь хир ду Везачу Делан цӀа, Исраилан халкъо дийнаташ дагоран сагӀа доккху кхерч а хир бу кхузахь».

2Дауда омра дира, исраилхойн махкахь тӀебаьхкина Ӏаш болу нах схьагулбе аьлла. Царна юкъара Делан цӀенна кечбеш болу тӀулг хьакха нах дӀахӀиттийра Дауда.

3Цо дуккха а эчиг кечдира кевнийн неӀаршна оьшун долу хьостамий а, цу неӀарийн кӀажаш а дан. Иштта барам боцуш дукха цӀаста а кечдира.

4Дагар ца даллал дукха баганан дечиг а охьадиллира Дауда, хӀунда аьлча цӀаданхоша а, цорахоша а вуно дукха баганан дечигаш еанера цунна.

5Дауда элира: «Сан кӀант Сулим къона ву, иза говзалла йолуш а вац. Ткъа Везачу Элана лерина дан деза цӀа, массо а къаьмнашна хьалха сийлаллина а, хазаллина а долуш, чӀогӀа сийлахь хила дезаш ду. Цундела аса кечам бийр бу цунна». Иштта ша дӀакхалхале дукха хӀума кечдина хилла Дауда.

6Шен кӀант Сулим тӀе а кхайкхина, Дауда цуьнга весет дира, Исраилан халкъан Везачу Далла цӀа де аьлла.

7Дауда Сулиме элира: «Сан кӀант! Сайн Везачу Далла лерина цӀа дан дагадеанера суна.

8Амма соьга Везачу Элан дош кхечира. Цо элира: „Ахьа адамийн дукха цӀий а Ӏанийра, баккхий тӀемаш а бира. Суна лерина цӀа ахьа дан ца деза, хӀунда аьлча Суна хьалха дукха цӀий Ӏанийна ахьа лаьтта тӀе.

9Хьан кӀант хир ву. Иза машаре хир ву. Массо а гонах болчу мостагӀашкахьара синтем лур бу Аса цунна, цундела цуьнан цӀе Сулим [20] хир ю. Цо паччахьалла дийр долчу заманчохь Исраил-махкана машар а, синтем а лур бу Аса.

10Цо дийр ду Суна лерина цӀа. Со цуьнан Да хир ву, ткъа иза Сан кӀант хир ву. Исраилан халкъана тӀехь долу цуьнан а, цуьнан тӀаьхьенан а паччахьалла гуттаренна а чӀагӀдийр ду Аса“.

11Ткъа хӀинца, сан кӀант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цӀа дарна тӀехь хьан аьтто боккхийла Цо.

12Исраилан халкъана тӀехь паччахь хьо дӀа а хӀоттош, Везачу Эло хьуна хьекъал а, кхетам а лойла, хьайн Везачу Делан товрат-хьехам хьоьга ларбайтархьама.

13Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тӀедехкинарш а кхочушдан хьо гӀертахь, ахьа до гӀуллакхаш декъалдина хир ду. ЧӀагӀ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде.

14Аса, къа а хьоьгуш, Везачу Элан цӀенна ши бӀе эзар пунт деши а, ши миллион пунт дети а кечдина, ткъа барам боцуш дукха цӀаста а, эчиг а кечдина. Иштта дечиг а, тӀулг а кечбина аса, ткъа ахьа тӀеоьшург кечъе.

1515-16 Хьан дуккха а белхалой бу: тӀулг хьокхурш а, тӀулгпхьераш а, дечигпхьераш а, иштта дешица а, детица а, цӀастанца а, эчигца а муьлхха а гӀуллакх дан хуур долу нах а — церан барам бац. Хьайн гӀуллакх, дӀа а доладай, чекхдаккха. Веза Эла хьоьца хуьлийла».

17Исраилхойн массо а баьччанашна Дауда тӀедиллира шен кӀантана Сулимана гӀо дар.

18Цо элира: «Шун Веза Дела шуьца вац ткъа? Цо шуна массо а агӀор синтем ца белира ткъа? ХӀунда аьлча Цо беллера сан кара мехкан бахархой, ткъа и мохк Везачу Элана а, Цуьнан халкъана а муьтӀахь хилира.

19Шайн дегнаш а, шайн синош а Делехьа дерзаде, шайн Веза Дела лахархьама. ДӀа а хӀиттий, Везачу Далла лерина деза цӀа де, цу чу Везачу Элаца бинчу бертан тӀорказ а, Далла леринчу гӀуллакхна лелош йолу язйина пхьегӀаш а охьаяхкархьама».

le>