1Иштта ю АхӀаронан тӀаьхьенах схьаевлла тобанаш. АхӀаронан кӀентий хилира Надаб, АбихӀу, ЭлиӀазар, Итамар.
2Надаб а, АбихӀу а шайн дел хьалха дӀакхелхинера. Церан кӀентий ца хилира, цундела динан дай санна гӀуллакх деш ЭлиӀазар а, Итамар а вара.
3Дауда а, ЭлиӀазаран тӀаьхьенах волчу ЦӀадукъас а, Итамаран тӀаьхьенах волчу Ахьи-Малика а тобанашкахь дӀасабийкъира уьш, царна тӀедехкинчу гӀуллакхашка хьаьжжина.
4ЭлиӀазаран тӀаьхьенан юкъара болу баьччанаш Итамаран тӀаьхьенна юкъара болчарал совбевлира. Цундела уьш иштта дӀасабийкъира: ЭлиӀазаран тӀаьхьенах ялхитта доьзалийн баьчча, ткъа Итамаран тӀаьхьенах — бархӀ баьчча схьахаьржира.
5Уьш кхаж тасарца тобанашкахь дӀасабийкъира, хӀунда аьлча Далла хьалхахь а, Цуьнан цӀа чохь а гӀуллакх дан дӀахӀиттийна баьччанаш ЭлиӀазаран а, Итамаран а тӀаьхьенех хилла.
6Уьш дӀаязбеш вара Натунаилан кӀант ШамӀа-ЯхӀу. Иза левихойх схьаваьлла йозанча вара. Паччахьна а, баьччанашна а, динан дена ЦӀадукъина а, Абу-ЯтӀарин кӀантана Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха уьш дӀаязбеш вара ШамӀа-ЯхӀу. Кхаж тосучу хенахь, цкъа хьалха цхьа доьзал ЭлиӀазаран тӀаьхьенах, тӀаккха Итамаран тӀаьхьенах схьахоржура цара.
7Хьалхара кхаж ЯхӀу-Ярибан белира, шолгӀаниг — ЯдаӀ-ЯхӀун,
8кхоалгӀаниг — Хьармин, боьалгӀаниг — СаӀуриман,
9пхоьалгӀаниг — Малки-ЯхӀун, йолхалгӀаниг — Мияманан,
10ворхӀалгӀаниг — Къоцин, борхӀалгӀаниг — Аби-ЯхӀун,
11уьссалгӀаниг — ЮшаӀан, уьтталгӀаниг — Шахан-ЯхӀун,
12цхьайтталгӀаниг — Элишубан, шуьйтталгӀаниг — Якъиман,
13кхойтталгӀаниг — Хьупайн, бейтталгӀаниг Яшаб-Абун,
14пхуьйтталгӀаниг — Билгин, ялхитталгӀаниг — Амиран,
15вуьрхӀитталгӀаниг — Хьецаран, берхӀитталгӀаниг — Хьапицацан,
16ткъайоьсналгӀаниг — Патахь-ЯхӀун, ткъолгӀаниг — Яхьазкхиалан,
17ткъе цхьалгӀаниг — Якинан, ткъе шолгӀаниг — Гамулан,
18ткъе кхоалгӀаниг — Дали-ЯхӀун, ткъе боьалгӀаниг — МаӀаз-ЯхӀун.
19Исраилан халкъан Везачу Дала, тӀе а дуьллуш, церан дегахула АхӀаронехула билгал-ма-даккхара, Везачу Элан цӀа чохь гӀуллакх дан уьш боьлхучу хенахь, иштта рагӀ яра церан.
20Бисинчу левихойн тӀаьхьенах йолчу тобанийн баьччанаш хӀорш бара:
21Рехьаб-ЯхӀун тӀаьхьенан хьалхарниг вара Йоши-ЯхӀу;
22Ицхьархойх баьчча хилира Шалумат;
23Хьевронан тӀаьхьенах хьалхарниг хилира Яри-ЯхӀу, шолгӀаниг — Амар-ЯхӀу, кхоалгӀаниг — Яхьазиал, воьалгӀаниг — ЕкхамӀам;
24Ӏузиалан тӀаьхьенах волчу Микин тӀаьхьенах — Шамир.
25Микин ваша волчу Йоши-ЯхӀун тӀаьхьенах — Закри-ЯхӀу;
26Мерарин кӀентий бара: Махьли, Мушхьи, ЯӀзи-ЯхӀу.
27Мерарин кӀант волчу ЯӀзи-ЯхӀун тӀаьхьенан баьччанаш хилира: ШухӀам, Закхур, Ӏебар.
28Махьлин тӀаьхьенан — ЭлиӀазар. ЭлиӀазаран кӀентий бацара.
29Къушин тӀаьхьенан — Ярахьмиал.
30Мушхьин кӀентий бара: Махьли, Ӏедар, Еримати.
31Цара а, АхӀаронах схьабевллачу шайн вежарша санна, Дауд-паччахьна а, ЦӀадукъина а, Ахьи-Маликана а, динан дайн а, левихойн а доьзалийн баьччанашна а хьалха кхаж тосура. Доьзалан баьччано а, шен жимаха волчу вашас санна, кхаж тосура.