1Дауда а, эскаран хьаькамаша а, дечиг-пондаршца а, мерз-пондаршца а, цӀастанан негӀаршца а мукъамаш а балош, Делера болу хаамаш кхайкхоран гӀуллакхна схьакъастийра Асайпан а, ХӀайманан а, Ядутунан а тӀаьхьенах берш. Шайн-шайн гӀуллакхе хьаьжжина, иштта болх бан дӀакъастийначу нехан цӀераш хӀорш ю:
2Асайпан кӀентех бара: Закхур, Юсуп, Натан-ЯхӀу, Асар-Эла. Асайпан кӀенташа цуьнан куьйгаллехь гӀуллакх дора, ткъа Асайпа — паччахьан куьйгаллехь Делера болу хаамаш бора.
3Ядутунан кӀентех вара: Гадал-ЯхӀу, Зари, ЯшаӀ-ЯхӀу, ШамаӀи, Хьашби-ЯхӀу, Маттит-ЯхӀу. Уьш ялх кӀант вара. Царна тӀехь куьйгалла а деш, церан дас Ядутуна Делера хаамаш бора, дечиг-пондар лакхарца Везачу Элана баркаллаш а олуш, Цунна хастамаш а беш.
4ХӀайманан кӀентех вара: Букъи-ЯхӀу, Матан-ЯхӀу, Ӏузиал, Шубиал, Еримати, Хьанан-ЯхӀу, Хьанани, Эли-Ата, Гидалти, Румамти-Ӏезар, Йошбикхаша, Малути, ХӀутир, Махьзиут.
5Хиндерг гуш волчу а, Делера хаамаш нуьцкъала беш волчу а паччахьан пайхамаран ХӀайманан кӀентий бара уьш берриш а. Вейтта кӀант а, кхо йоӀ а еллера Дала ХӀайманна.
6Цара массара а, шайн дайша куьйгалла а деш, Везачу Элан цӀийнан кертахь цӀастанан негӀаршца а, мерз-пондаршца а, дечиг-пондаршца а иллеш аларца Далла гӀуллакх дора. Ткъа Асайп а, Ядутун а, ХӀайман а паччахьан куьйгаллехь вара.
7Шайн гергарчаьрца цхьаьна, Везачу Элана хьалха иллеш ала Ӏемина а, говза волу а ши бӀе везткъе бархӀ стаг вара уьш верриг а (288).
8Цара массара а, жима а, воккха а доцуш, хьехархоша дешархошца цхьабосса кхаж тосура, шаьш гӀуллакх дан деза рагӀ билгалйоккхуш.
9Хьалхара кхаж Асайпан тӀаьхьенах волчу Юсупан белира. ШолгӀаниг — Гадал-ЯхӀун а, цуьнан вежарийн а, кӀентийн а белира. Уьш шийтта вара.
10КхоалгӀаниг — Закхуран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
11БоьалгӀа кхаж — Изрин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
12ПхоьалгӀа кхаж — Натан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
13ЙолхалгӀа кхаж — Букъи-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
14ВорхӀалгӀаниг — Ясар-Элан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
15БорхӀалгӀаниг — ЯшаӀ-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
16УьссалгӀаниг — Матан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
17УьтталгӀаниг — ШамаӀин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
18ЦхьайтталгӀаниг — Ӏазариалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
19ШуьйтталгӀаниг — Хьашби-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
20КхойтталгӀаниг — Шубиалан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
21БейтталгӀаниг — Маттит-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
22ПхуьйтталгӀаниг — Ериматин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
23ЯлхитталгӀаниг — Хьанан-ЯхӀун а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
24ВуьрхӀитталгӀаниг — Йошбикхашан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
25БерхӀитталгӀаниг — Хьананин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
26ТкъайоьсналгӀаниг — Малутин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
27ТкъолгӀаниг — Эли-Атин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
28Ткъе цхьалгӀаниг ХӀутиран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
29Ткъе шолгӀаниг — Гидалтин а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
30Ткъе кхоалгӀаниг — Махьзиутан а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.
31Ткъе боьалгӀаниг — Румамти-Ӏезаран а, цуьнан кӀентийн а, вежарийн а белира. Уьш шийтта вара.