1Хьеврон-гӀалахь Даудана динчу берийн цӀераш хӀорш ю:
2
3
4Даудан и ялхе а кӀант Хьевронехь вина вара. Цигахь Дауда ворхӀ шарахь а, ялх баттахь а паччахьалла дира.
5Даудан Ярушалаймехь хилла долу бераш хӀорш ду:
6Кхин а исс кӀант хилира Даудан: Ибхьар, Эли-ШуӀа, Эли-Пулат,
7НугӀахӀи, Непаг, ЯпияӀ,
8Эли-ШамаӀ, ЭлидаӀ, Эли-Пулат.
9Уьш берриш а Даудан кӀентий бара. ГӀарбаш-зударша бина кхин а кӀентий бара Даудан. Тамара церан массеран а йиша яра.
10Сулиман кӀант хилира РахьбуӀам. РахьбуӀаман кӀант хилира Аби-ЯхӀу. Цуьнан кӀант хилира Аса. Ткъа Асин кӀант ЯхӀушапти.
11ЯхӀушаптин кӀант хилира ЯхӀурам. ЯхӀураман хилира кӀант Ахьаз-ЯхӀу. Ахьаз-ЯхӀун хилира кӀант Юаш.
12Юашан кӀант хилира Амци-ЯхӀу. Ӏазар-ЯхӀу Амци-ЯхӀун кӀант хилира. Ӏазар-ЯхӀун кӀант хилира Йовтам.
13Йовтаман кӀант хилира Ахьаз. Хьузакх-ЯхӀу хилира Ахьазан кӀант. Хьузакх-ЯхӀун кӀант Маннаш хилира.
14Маннашан кӀант Амин хилира. Аминан кӀант Юши-ЯхӀу хилира.
15Юши-ЯхӀун кӀентий хӀорш бара: дуьххьарлера кӀант — Йохьан, шолгӀаниг — ЯхӀу-Якхам, кхозлагӀниг — ЦӀадукъ-ЯхӀу, ткъа воьалгӀаниг — Шалум.
16ЯхӀу-Якхаман кӀентий бара: ЯхӀу-Яхин, ЦӀадукъ-ЯхӀу.
17Йийсаре дӀавигина хиллачу ЯхӀу-Яхинан кӀентий бара: Шалтаал,
18Малкирам, Пади-ЯхӀу, Шаниацар, Якхам-ЯхӀу, ХӀушмаӀ, Надиб-ЯхӀу.
19Пади-ЯхӀун кӀентий бара: Зурбабел, ШамаӀи. Зурбабелан кӀентий бара: Машулим, Хьанан-ЯхӀу. Шаламат церан йиша хилла.
20Зурбабелан кхин а пхи кӀант хилира. Церан цӀераш яра: Хьашба, ОхӀал, Берех-ЯхӀу, Хьасди-ЯхӀу, Юшаб-Хьесад.
21Хьанан-ЯхӀун кӀентий бара: Палти-ЯхӀу, ЯшаӀ-ЯхӀу. Рапи-ЯхӀу вара ЯшаӀ-ЯхӀун кӀант. Рапи-ЯхӀун кӀант вара Арнан. Арнанан кӀант вара Ӏабди-ЯхӀу. Шахан-ЯхӀу Ӏабди-ЯхӀун кӀант вара.
22Шахан-ЯхӀун кӀант вара ШамӀа-ЯхӀу. Ткъа ШамӀа-ЯхӀун кӀентий бара: Хьатуш, ИгӀал, Баръяхьи, НаӀар-ЯхӀу, Шапти. Уьш ялхе а цуьнан кӀентий а, кӀентан кӀентий а бара.
23НаӀар-ЯхӀун хилира кӀентий: ЭлъюӀинай, Хьузакх-ЯхӀу, Ӏазрикхам. Уьш верриг а кхо кӀант хилла.
24ЭлъюӀинайн кӀентий хилира: ХӀудав-ЯхӀу, Элишуб, Пали-ЯхӀу, Ӏакхуби, Йохьан, Дали-ЯхӀу, Ӏанани. Уьш верриг а ворхӀ кӀант вара.