1 Яхьъяс 1:1-10 CHE2012 - Bible AI

1Иза юьхьанца дуьйна долуш дара. Тхуна иза хаза а хезнера, тхан бӀаьргашна иза ган а гинера. Тхо цуьнга хьовса а хьаьвсинера, тхан куьйгаш цунах Ӏотта а деллера. Иза дахар луш долу Дош дара.

2И дахар гучудаьлча, тхуна иза гира. Цундела цу бакъдолчу дахарх тоьшалла а до, кхайкхам а бо оха. И дахар стигаларчу Дегахь дара, ткъа хӀинца тхуна довзийтина иза.

3Тхайна гиначух а, хезначух а лаьцна хаам бо оха шуьга. Оха и дуьйцу, шун а тхоьца уьйр-марзо хилийтархьама. Ткъа тхан уьйр ю Деца а, Цо леррина къобалвинчу Цуьнан КӀантаца Ӏийсаца а.

4ХӀара яздо оха, вайн [1] хазахетар кхоччуш дуьззина хилийтархьама.

5Тхуна Цуьнан КӀантера хезна болу а, оха шуна дӀакхайкхош болу а кхаъ хӀара бу: Дела — серло ю, Цуьнца цхьа а тайпа бода бац.

6Нагахь санна Делаца уьйр ю а бохуш, боданехь лелахь, вай аьшпаш а бутту, бакъдолчуьнца а ца лела.

7Амма, нагахь Дела серлонгахь ма-хиллара, вай а серлонгахь лелахь, вайн вовшашца уьйр ю, ткъа Цуьнан КӀант волчу Ӏийсан цӀийно вай массо а къинойх цӀандо.

8Нагахь санна вай ваьшца къа дац бахахь, тӀаккха вай цу дешнашца ваьш Ӏехадо, вайца билггал долу бакъдерг а дац.

9Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цӀан а дийр ду, хӀунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.

10Амма вай ваьш къинош ца летийна бахахь, тӀаккха вай Дела харц а во, Цуьнан Дош вайца а дац.

Institute for Bible Translation, 2012
/div>