1Даудан кӀентан Сулиман шен пачхьалкхана тӀехь куьйгалла дар чӀагӀлуш лаьтташ дара. Цуьнан Веза Дела цуьнца вара. Цо Сулим вазвира.
2Сулим-паччахьо омра дира, берриг а исраилхой схьагулбе аьлла: тӀеман коьрта хьаькамаш а, тӀеман хьаькамаш а, кхелахой а, берриг а Исраил-махкара массо а куьйгалхо а, доьзалийн баьчча а.
3Иштта Сулим а, берриг а гулбелларш а ГавӀон-гӀаларчу гу тӀе бахара, хӀунда аьлча Везачу Элан ялхо волчу Мусас яьссачу аренгахь ша волуш дина гуламан четар цигахь хӀинца а лаьтташ дара.
4Делан бертан тӀорказ Кхиръят-ЯӀарим-гӀалара Ярушалаймехь ша кечйинчу метте схьадеанера Дауда, цунна четар а дина.
5Ткъа Хьорин кӀентан Урин кӀанта Бацалиала бина сагӀа доккху цӀестан кхерч цигахь, ГавӀонерачу гу тӀехь, Везачу Элан четарна хьалха битинера. Цигахь Сулим-паччахь а, цуьнца баьхкинарш а Везачу Элах дагабевлира.
6ТӀаккха, гуламан четар долчу, Везачу Элана хьалха, оцу цӀестан кхерча тӀе а кхаьчна, цунна тӀехь эзар дийнат а дагош, сагӀа даьккхира Сулим-паччахьо.
7Цу буьйсанна Сулимна гӀенахь Дела дуьхьалхӀоьттира. Цо элира: «Деха хьайна луъург».
8Сулим-паччахьо Деле жоп делира: «Ахьа, сан дена Даудана доккха дика дина, со цуьнан метта паччахь а хӀоттийна.
9Ва Веза Дела, кхочушхуьлийла Ахьа сан дена Даудана йина чӀагӀо. Лаьттан чан санна дукха долчу халкъана тӀехь, Ахьа, со паччахь а вина, дӀахӀоттийна дела,
10лохьа суна хьекъалалла а, хаарш а, хӀокху халкъана тӀехь аса куьйгалла муха дан деза хаархьама, хӀунда аьлча хьаьнга далур ду хӀокху Хьан дуккха а долчу халкъана тӀехь урхалла?»
11Дала Сулиме элира: «И ахь дехнарг хьан деган лаам хиларна а, бахам а, хьал а, сийлалла а, хьайн мостагӀийн синош хӀаллакдар а, иштта хьайн дахаран хан яхъяр а ца доьхуш, Аса хьо паччахь хӀоттийначу Сан халкъана тӀехь урхалла дархьама, хьайна хьекъалалла а, хаарш а ахьа дехарна,
12лур ду Ас хьуна хьекъалалла а, хаарш а. Иштта бахам а, хьал а, сийлалла а лур ду Аса хьуна, хьол хьалха хиллачу паччахьийн а, хьол тӀаьхьа хир болчийн а доцучу тайпана».
13ТӀаккха Сулим-паччахь ГавӀонерачу гу тӀехь долчу гуламан четар долчуьра Ярушалайме юхавирзира. Цо исраилхошна тӀехь паччахьалла дира.
14Сулим-паччахьо гӀудалкхаш а, дой а гулдира
15Детин а, дешин а барам тӀулгаш долччул дукха хилла дӀахӀоттийра цо Ярушалайм-гӀалахь. Лаьмнийн кӀажашкахь долчу диттийн барам а дезачу баганан диттийн бараме нисбина, дӀахӀоттийра Сулим-паччахьо.
16Ткъа говраш Мисар-махкара а, Килик
17Мисар-махкара ялочу гӀудалкхан мах ялх бӀе дато шекхал