1Ярушалайман бахархоша ЯхӀураман жимаха волу кӀант Ахьаз-ЯхӀу цуьнан метта паччахь дӀахӀоттийра. ХӀунда аьлча, уьш бехачу метте Ӏаьрбихойн ардангаш а яьхкина, Ахьаз-ЯхӀул воккхах волу массо а ваша вийнера. Иштта, яхӀудхойн паччахьан ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу паччахьалла дан волавелира.
2Ахьаз-ЯхӀу паччахь хӀоьттинчу хенахь, цуьнан ткъе ши шо
3Ахьаз-ЯхӀу а Ахьабан цӀийнах болчийн некъа тӀе велира, хӀунда аьлча цуьнан нанас харцахьара гӀуллакхаш дарна хьехарш дора цунна.
4Везачу Элан лаамехь доцу гӀуллакхаш леладора Ахьаз-ЯхӀус а, Ахьабан цӀийнах болчара лела ма-дарра, хӀунда аьлча, Ахьаз-ЯхӀун да дӀаваьлчхьана дуьйна, цуьнан хьехамчий хилира царах. Оцу бахьаненна цунна бохам хилла.
5Иштта, церан хьехаршка ла а доьгӀна, исраилхойн паччахь волчу Ахьабан кӀантаца Йорамца арамхойн паччахьна Хьазиална дуьхьал тӀом бан вахара Ахьаз-ЯхӀу. Иза ГалӀадерчу Рамат-гӀалахь дара. Арамхоша Йорамна чов йира.
6Иза тӀамера юхавирзира, Рамат-гӀалахь арамхойн паччахьца Хьазиалца тӀом бечу хенахь, шена арамхоша йинчу чевнашна ИзраӀал-гӀалахь дарбанаш леладайтархьама. Ткъа яхӀудхойн паччахь волу ЯхӀураман кӀант Ахьаз-ЯхӀу
7Йорам волчу вар Ахьаз-ЯхӀуна Делера болчу бохамца дирзира. Ша схьавеача, иза Йорамаца цхьаьна Везачу Эло Ахьабан цӀа хӀаллакдан къобалвинчу Нимшайн кӀантана ЯхӀуна дуьхьалвелира.
8Ша Ахьабан цӀенна кхел ечу хенахь ЯхӀуна яхӀудхойн элий а, Ахьаз-ЯхӀун вежарийн бераш а карийра цигахь. Уьш Ахьаз-ЯхӀуна хьалхара гӀуллакхаш деш бара. ЯхӀус уьш байира.
9ЯхӀус Ахьаз-ЯхӀу схьалахар тӀедиллира. Цара Шамран-гӀалахь къайлаваьлла лелаш волу Ахьаз-ЯхӀу, схьа а лаьцна, ЯхӀуна тӀе а валийна, вийра. Цара Ахьаз-ЯхӀу, дӀа а воьллина, дӀаверзийра, хӀунда аьлча цунах лаьцна бохура: «Иза шен дерриге а доггах Веза Эла лехначу ЯхӀушаптин кӀентан кӀант ма вара».
10Шен кӀант велла аьлла шена хезча, Ахьаз-ЯхӀун нанас Ӏатал-ЯхӀус сацам бира, ЯхӀудан цӀийнан паччахьан тӀаьхьенах верг массо а хӀаллакван.
11Амма ЯхӀурам-паччахьан йоӀа ЯхӀу-ШебаӀата Ахьаз-ЯхӀун кӀант Юаш, паччахьан байа дезачу кӀенташна юкъара схьа а эцна, дӀавигира. И кӀант а, иза вакхош йолу зуда а дӀавуьжучу цӀа чу дигира цо. Цу тайпана динан ден ЯхӀу-ЯдаӀан зуда а, ЯхӀурам-паччахьан йоӀ а йолу, Ахьаз-ЯхӀун йиша а йолчу ЯхӀу-ШебаӀа Ӏатал-ЯхӀух къайлаваьккхира Юаш. Цундела цо иза ца вийра.
12Ялх шарахь, Ӏатал-ЯхӀус цу махкахь паччахьалла деш йолчу хенахь, оцу нахаца цхьаьна Делан цӀийнан кертахь къайлаваьккхина латтийра иза.