2 Шерашкахь 23:1-21 CHE2012 - Bible AI

1Ӏатал-ЯхӀус паччахьалла до ворхӀалгӀа шо долуш, динан да волу ЯхӀу-ЯдаӀ, чӀагӀ а велла, тӀеман хьаькамашца берта вахара. Уьш бара: Ярохьаман кӀант Ӏазар-ЯхӀу, ЯхӀу-Хьанин кӀант ИсмаьӀал, Ӏабадин кӀант Ӏазар-ЯхӀу, Ӏади-ЯхӀун кӀант МаӀсей-ЯхӀу, Зикрин кӀант Эли-Шапти.

2Берриге а ЯхӀуд-махкахула чекх а бевлла, массо а яхӀудхойн гӀаланашкара левихой а, Исраилан доьзалийн баьччанаш а дӀа а гулбина, уьш Ярушалайме баьхкира.

3Схьагулбеллачу массара а Делан цӀа чохь къоначу паччахьца барт бира. ЯхӀу-ЯдаӀа цаьрга элира: «Везачу Эло Даудан тӀаьхьенах лаьцна аьлла ма-хиллара, паччахьан кӀант паччахь хила веза.

4Ткъа аша хӀара дан деза: шоьтан дийнахь Делан цӀийнан кертахь гӀуллакх дан богӀуш болу динан дай а, левихой а кхаа декъе бекъалур бу. Царах цхьа дакъа кертан кевнашна уллохь гӀаролхой хир бу,

5шолгӀа дакъа — паччахьан цӀахь, кхоалгӀа дакъа — Бух олучу кевнехь, ткъа дерриг а халкъ Везачу Элан цӀийнан кертахь хир ду.

6Динан дай а, гӀуллакх деш болу левихой а боцурш, кхин цхьа а Везачу Элан цӀа чу ма валийта. Церан чу баха бакъо ю, уьш базбина болу дела. Ткъа дерриге а халкъ Везачу Эло тӀедиллинчуьнца лела деза.

7Левихоша, шайн карахь герз а долуш, паччахьна массо а агӀор, ха а деш, го бе. Везачу Элан цӀа чу вала мел гӀертарг вийна дӀаваккхалаш. Шу паччахьна уллохь хилалаш, иза миччахьа воьдуш велахь а».

8Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа де аьлларг дерриг а кхочушдира левихоша а, берриге а яхӀудхоша а. Цара хӀораммо а шоьтан дийнахь схьабогӀу а, мукъабовлу а гӀаролхой шаьш долчу схьагулбира, хӀунда аьлча динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа хийцабелла гӀаролхой дӀа ца бахийтира.

9Делан цӀа чохь лаьтташ долу Дауд-паччахьан хилла гоьмукъаш а, кегий а, даккхий а турсаш а динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа гӀаролхойн хьаькамашна дӀасадийкъира.

10Дерриг а халкъ, шайн карахь герз а долуш, паччахьна гонах дӀахӀоттийра динан дас — Делан цӀенна къилберачу агӀонна тӀера къилбаседерачу агӀонна тӀекхаччалц, сагӀа доккхучу кхерчана уллохь а, Делан цӀенна уллохь а.

11ЯхӀу-ЯдаӀа а, цуьнан кӀенташа а, паччахьан кӀант ара а ваьккхина, цунна тӀе таж а диллира, паччахьалла дарх лаьцна болу хьехамаш шена тӀехь язбина тептар а дӀаделира. ТӀаккха иза, паччахь дӀахӀотто, даьтта тӀе доттарца къобалвира. Наха маьхьарий хьоькхура: «Вехийла паччахь!», — бохуш.

12Паччахьна хастамаш а беш, дедда догӀучу халкъан аьзнаш шена хезча, Ӏатал-ЯхӀу Везачу Элан цӀенна юххехь лаьттачу нахана тӀеяхара.

13ДӀахьаьжча, шен бӀогӀамна уллохь, Делан цӀенна чу воллучохь, лаьтташ волу паччахь гира Ӏатал-ЯхӀуна. Паччахьна уллохь лаьтташ хьаькамаш а, турба локхуш берш а бара. Цу махкахь долу дерриг а халкъ, самукъане а дара, цара лоькхуш турбанаш а яра. Иштта илланчаш а бара шайн зурманийн гӀирсашца хастамаш бечарна тӀехь куьйгалла деш. Ӏатал-ЯхӀус, шен тӀехулара бедарш этӀа а йина, мохь хьаькхира: «Ямартло йина! Ямартло йина!» — аьлла.

14Динан дас ЯхӀу-ЯдаӀа, эскаран хьаькамаш болу гӀаролхой тӀе а кхайкхина, цаьрга элира: «Иза могӀаршна юкъара дӀаяккха, ткъа цунна тӀаьхьахӀуьттурш туьраца байа». ХӀунда аьлча динан дас аьллера: «Везачу Элан цӀийнан кертахь ма ейта иза».

15Паччахьан цӀенна уллохь йолчу Говрийн Керта иза схьакхаьчча, церан буьйна яхара иза. Цигахь цуьнан са даьккхира цара.

16ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа шена а, халкъана а, паччахьна а юкъахь барт бира, шаьш Везачу Элан долахь долу халкъ хилийтархьама.

17Дерриге а халкъо, БаӀал-харцделан цӀа а дахана, и цӀа дохийра. Цара БаӀалан сагӀа доккху кхерчаш а, цӀуш а бохийна дӀабехира. Иштта БаӀалан динан да волу Матани а вийра цара сагӀа доккхучу кхерчашна хьалха.

18ТӀаккха ЯхӀу-ЯдаӀа левихойн тайпанах болу динан дай къобалбира, Везачу Элан цӀийнаца доьзна долу гӀуллакхаш дарна тӀехь цаьрга куьйгалла дайтархьама, иза Дауд-паччахьо дӀахӀоттийна ма-хиллара. Уьш Мусан товрат-хьехамаш тӀехь яздина ма-хиллара дӀахӀиттийнера, Дауда тӀе-ма-диллара даккхийдерца а, эшарш лекхарца а Везачу Элана хаза хьожа йогӀу хӀуманаш ягорхьама.

19Далла гергахь муьлххачу бахьаненна а цӀена воцург чу ца вахийта, Везачу Элан цӀийнан кевнашка гӀаролхой дӀахӀиттийра ЯхӀу-ЯдаӀа.

20Динан дас, шеца тӀеман хьаькамаш а, лоруш болу нах а, халкъана тӀехь куьйгалла деш берш а, махкара дерриг а халкъ дуьгуш, Юаш-паччахь Везачу Элан цӀийнера дӀавигира. Цара иза, лакхарчу кевнехула чекх а ваьккхина, паччахьан цӀа а вигина, паччахьан гӀанта тӀе охьахаийра.

21Махкара дерриг а халкъ самукъадаьлла дара, гӀала синтеме яра, хӀунда аьлча Ӏатал-ЯхӀу, тур а тоьхна, йийнера.

le>