1Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Йовтама ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь. Цуьнан ненан цӀе Яруша яра, иза ЦӀадукъин йоӀ яра.
2Шен дас Ӏузи-ЯхӀус
3Везачу Элан цӀийнан кертара Лакхара ков юхаметтахӀоттийнарг Йовтам вара. Иштта Ӏупал-гу болчу пенна тӀехь а дуккха а кхиболу чӀагӀдаран белхаш байтира цо.
4ЯхӀуд-махкарчу лам тӀехь гӀаланаш а, хьаннашкахь гӀепаш а, бӀаьвнаш а дӀахӀиттаяйтира Йовтама.
5Ӏамминхойн паччахьца тӀом а бина, уьш эшийра цо. Цу шарахь йолана ши бӀе пунт дети а, шовзткъе итт эзар гали кӀа а, шовзткъе итт эзар гали мукх а белира Ӏамминхоша Йовтамна. Изза дора Ӏамминхоша шолгӀачу а, кхозлагӀчу а шерашкахь а.
6Йовтаман иштта ницкъ бара, цо шен Везачу Далла хьалха нийса некъаш лелош хилла дела.
7Йовтаман кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — цо мел бинчу тӀамах а, цуьнан леларх а лаьцна — яздина ду
8Йовтаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀоьттича. Цо ялхитта шарахь паччахьалла дира Ярушалаймехь.
9ТӀаккха Йовтам, дӀа а кхелхина, шен дайх дӀакхийтира. Даудан гӀалахь дӀавоьллира иза. Йовтаман метта паччахь дӀахӀоьттира цуьнан кӀант Ахьаз.