1ЯхӀуд-мехкан халкъо Юши-ЯхӀун кӀант ЯхӀу-Ахьаз, схьа а эцна, Ярушалаймехь шен ден метта паччахь вина дӀахӀоттийра.
2ЯхӀу-Ахьазан ткъе кхо шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттахь паччахьалла дира.
3Ярушалаймехь паччахьалла дечуьра ЯхӀу-Ахьаз дӀаваьккхира мисархойн паччахьо. Наху-пирӀуно гӀуда далар тӀедожийра ЯхӀуд-махкана. Иза дара ши бӀе пунт дети а, ши пунт деши а.
4ТӀаккха ЯхӀу-Ахьазан ваша Элъякъим ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра. Ткъа Элъякъиман цӀе пирӀуно хийцира, цунах ЯхӀу-Якхам а олуш. Амма Элъякъим, дӀа а лаьцна, Мисар-махка дӀавигира Нахус.
5ЯхӀу-Якхаман ткъе пхи шо дара, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо цхьайтта шарахь паччахьалла дира. Шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора цо.
6Набухди-Нецар-паччахьо, цунна тӀе а летта, иза схьа а лаьцна, цӀастанан буржалш туьйхира цунна, иза Бавел-гӀала дӀавигархьама.
7Везачу Элан цӀа чуьра пхьегӀийн цхьа дакъа цо Бавел-гӀала дӀадаьхьира. Набухди-Нецара шен динан цӀа чу охьаехкира уьш.
8ЯхӀу-Якхама динчу кхидолчу гӀуллакхех лаьцна — дегаза долчу хӀуманех а, цунна дуьхьал даккха мел карийначу гӀуллакхех а лаьцна — яздина ду
9ЯхӀу-Яхинан берхӀитта шо кхаьчнера, иза паччахь дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цо кхаа баттаххьий, итт дийнаххьий паччахьалла дира. Везачу Элана зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора ЯхӀу-Яхина.
10Керла шо долалуш, Набухди-Нецар-паччахьо геланчаш бахийтира, ЯхӀу-Яхин дӀа а лаций, цуьнца цхьаьна Везачу Элан цӀа чуьра еза пхьегӀаш а яхьаш, иза Бавел-гӀала дӀавалаве аьлла, омра а дина. ЯхӀуд-махкахь а, Ярушалаймехь а паччахь вина дӀахӀоттийра цо ЯхӀу-Яхин гергара волу ЦӀадукъ-ЯхӀу.
11ЦӀадукъ-ЯхӀун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дӀахӀуттуш. Ярушалайм-гӀалахь Ӏаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо.
12ЦӀадукъ-ЯхӀу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гӀуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхӀу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦӀадукъ-ЯхӀуна.
13Делан цӀарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦӀадукъ-ЯхӀу. Вухахьа а ваьлла, дог чӀагӀ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза.
14Цул сов, динан дайшна а, халкъана а тӀехь куьйгалла деш болчу массара а Далла тешаме боцуш шайн лелар алсамдаьккхира. Кхечу къаьмнех болчу наха лелош хилла дегаза гӀуллакхаш цара а леладора. Ткъа Везачу Эло Ярушалайм-гӀалахь даздина долу Цуьнан цӀа сийсаз а дора цара.
15Шен халкъах а, Шен хӀусамах а Шена къахета Дела, церан дайн Дела волчу Везачу Эло юх-юха Шен геланчаш бохуьйтура царна тӀе.
16Амма, Делан дешнех а ца бешаш, Цуьнан пайхамарех а кхаьрдаш, цара Дала бахкийтинарш юьхьӀаьржачу хӀиттабора, Шен халкъана дуьхьал йолу Делан дералла юха ца ерззал чӀогӀа алсам а йоккхуш.
17Везачу Эло хашадхойн паччахь яхӀудхошна дуьхьал ваьккхира. Ткъа цу паччахьо церан Везачу Элан цӀа чохь церан кегийнаш туьраца байира. Иштта я кегийнаш, я йоӀарий, я воккханиг, я къоьжаниг ца вуьтуш — уьш берриш а дӀабелира Дала Набухди-Нецар-паччахьан кара.
18Делан цӀа чуьра яккхий а, кегий а ерриге а пхьегӀаш а, Везачу Элан цӀийнан хазни чуьра а, паччахьан а, цуьнан баьччанийн а хазнаш чуьра а дерриг хӀума а Бавел-гӀала дӀадахьийтира цо.
19Хашадхоша Делан цӀа дагийра, гӀалин гонахара пен а охьабожийра. ГӀалахь мел долу паччахьан цӀа а дагийра, царна чохь деза мел долу хӀума а хӀаллакдира цара.
20Туьрах беллачарна юкъара дийна бисинарш Бавел-махка йийсаре дӀабигира. Ткъа парсихойн пачхьалкх дӀахӀотталц йолчу ханна царах паччахьан а, цуьнан тӀаьхьенан а леш хилира.
21И дерриг а иштта хилира, Ярми-ЯхӀугахула Везачу Эло аьлла дешнаш кхочушхилийтархьама. Лаьтте садоӀуьйту шераш ца даздарна шена дина долу зен лаьтто такхийтира, ерриг а ша дассийна Ӏиллинчу ханна са а доӀуш, кхузткъе итт шо дуззалц.
22Парсихойн паччахь волчу Къуреша паччахьалла дечу хьалхарчу шарахь, Ша Ярми-ЯхӀугахула ваӀда динарг кхочушдархьама, Везачу Эло Къурешан са карзахдаьккхира цхьа сацам дӀаязбан а, ткъа и сацам ерриг а цуьнан пачхьалкхехула дӀасакхайкхабайта а:
23«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тӀедиллина суна, ЯхӀуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цӀа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гӀойла».