2 Яхьъяс 1:1-13 CHE2012 - Bible AI

1Тхьамда волчу аса яздо хаьржина зуда йолчу хьоьга а, хьан берашка а. Суна шу баккъал а деза, ткъа суна дезна а ца Ӏаш, билггал долу бакъдерг девзинчу массарна а дезаш ду шу.

2ХӀунда аьлча билггал бакъдерг вайца долуш а ду, абадехь хир а ду.

3Да волчу Делера а, Ден КӀант волчу Цо леррина къобалвинчу Ӏийсагара а долу дика а, къинхетам а, синпаргӀато а хир ю билггал долу бакъдерг девзаш а, вовшийн дезаш а долчу вайца.

4Суна чӀогӀа хазахийтира, вайга стигаларчу Дас весет ма-дарра, хьан берех цхьадерш билггал бакъдолчуьнца лелаш хилар.

5Ткъа хӀинца ас яздо хьоьга, зуда, керла а доцуш, амма юьхьанца дуьйна а хиллачу весетах лаьцна. И весет вай вовшийн дезаш хила деза аьлла ду.

6(Ткъа безам иштта бу: стигаларчу Ден весеташ лар а деш, вай лелар.) Иза шуна юьхьанца дуьйна а хезна долу весет ду, и лардеш шу лелийтархьама.

7ХӀунда аьлча адамаш Ӏехош болу дуккха а нах баьржина дуьнен чохь. Цара Дала леррина къобалвина волу Ӏийса, адам санна, дуьнен чу валар тӀе ца дуьту. Иштта волу хӀора стаг адамаш Ӏехориг а, Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг а ву.

8Къа а хьегна, вай даьккхинарг, аша дайа а ца дойуш, цунах юьззина ял шайна схьаэца хьовсалаш.

9Дала леррина Къобалвинчун хьехамаша бохучунна тӀе а детташ, уьш лар а ца беш волчу муьлххачун а Делаца уьйр яц. Дала леррина Къобалвинчун хьехамаш лар а беш, Ӏаш волчун Деца а, КӀантаца а уьйр ю.

10Нагахь шеца и хьехамаш а боцуш, ткъа кхин хьехамаш бахьаш цхьаъ шу долчу вагӀахь, аша цӀа чу а ма вита иза, цуьнга маршалла а ма хатта.

11ХӀунда аьлча цуьнга маршалла хоттуш верг цуьнан зуламечу гӀуллакхийн декъашхо хуьлу.

12Дуккха а дара сан шуьга яздан, амма иза шекъанца кехата тӀехь яздан ца лаьа суна. Ткъа аса сатуьйсу, шу долчу а веана, юьхь-дуьхьал а волуш, дерриг а дӀадийцаре, вай даккхийдер кхоччуш дуьззина хилийтархьама.

13Маршалла доуьйту хьоьга хаьржина йолчу хьан йишин бераша а.

Institute for Bible Translation, 2012
/div>